Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийначарех ларало Москох Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдуш нохчийн тIемалоша дина тIелатар. Тахана 16 шо кхечи цу дийнан.
Журналист Хашогги Жамал вийна хилар бакъ ду, иза "Iаламат доккха гIалат а ду", аьлла зуламах дарединчу СаIудийн Iедало. Истамулерчу шайн векалтехь СаIудийн ницкъаша ларамза вийна иза, боху Эр-Риядо.
Шоьтадийнахь 1400 метр беха некъ бина мехкан шахьарахула тIедогIучу Iай хинйолчу Универсиадин цIеран хаьштиго. "Ставрополера схьакхачийна спортан бараман цIе хьалатийра Нохчийн университетна хьалха".
Красноярскерчу набахтешкахь гIело латтор а, корупци лелор а таллар тIедожийна футболан фанат Свиридов Егор верна 20 шо хан тоьхначу ГIебарта-Балкхаройчуьрчу Черкесов Аслана.
Урдунехь бехачу нохчийн кегийрахоша ша тайпа дIахьо суьйренаш. Шайн кепехь кегийрахойн пхьоьха хIоттайо цара шаьш бехачу гIаланашкахь. Заркъа олучу гIалахь чай, къахьо молучехь цхьаьнакхета цхьаберш. Ткъа Сувелехь вотанца а, пондарца а самукъадолу.
«Хьунхахь эскархой бу, шу дехьа довлуьйтур дац», - бохуш, дIахьедарш до меттигерчу бахархоша. ТIеман барзакъ доьхначу наха машен сацийра Фортанга хина тIехула тесначу тIайна герга кхоччуш. Циггара йолаелла шина республикан конфликт.
Хьажа кхин дIа а