Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Магасехь митингаш дIахьочу юкъанна мобилан интернет дIалакъорна меттигерчу 30 вахархочо арздина Роскомнадзоре.
Оьрсийчоьнан президенто шеконашка бахийтина ХIинжа-ГIалара бахархой.
Советан пачхьалкхан баьчча Сталин, гIенах вогIий, шеца къамелашка вийла воьлча, Тбилисехь Сталинан дуьненаюкъара центр йиллина Ониани Григола. Болх болор бу цо карара шо дерзале. Делахь а, Маршо Радион корреспондентан аьтто белира цигахь хила. хилира оцу центрехь.
Оьрсийчоьнан исторехь уггаре дукха цIий Iанийначарех ларало Москох Дубровкерчу театрехь «Норд-Ост» мюзикл йоьдуш нохчийн тIемалоша дина тIелатар. Тахана 16 шо кхечи цу дийнан.
Журналист Хашогги Жамал вийна хилар бакъ ду, иза "Iаламат доккха гIалат а ду", аьлла зуламах дарединчу СаIудийн Iедало. Истамулерчу шайн векалтехь СаIудийн ницкъаша ларамза вийна иза, боху Эр-Риядо.
Шоьтадийнахь 1400 метр беха некъ бина мехкан шахьарахула тIедогIучу Iай хинйолчу Универсиадин цIеран хаьштиго. "Ставрополера схьакхачийна спортан бараман цIе хьалатийра Нохчийн университетна хьалха".
Хьажа кхин дIа а