Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Нохчийчоьне ша латта дIалуш халкъах дага ца ваьлла Евкуров Юнус-Бек, боху гуламехь лаьттачу къоначу гIалгIаша.
ПIераскан дийнахь ши даздар дIадаьхьна Нохчийчохь - билгалдаьккхина Соьлж-ГIалин 200 шо дузар а, Кадыров Рамзанан 42 шо кхачар а. Журналисташ, шайн парггIат болх бойла дацара бохуш летккъахь а, хаза кечйина а, ондда ларъеш а яра шахьар.
Оьрсийчоьнан ММА-н латархочо Нурмагомедов Хьабиба толам баьккхира Ирландерчу Макгрегор Конорца хиллачу латарехь. Маршо Радион «Current Time» проектан корреспондент хилира ХIинжа-гIалахь.
Соьлжа-ГIалин 200 шо кхечи. Шахьаран майданахь доккха той дара хIоттийна, баьхкина генара-гергара хьеший. Маршо Радион корреспонденто меттигерчу бахархошка а, хьешашка а хаьттира, уьш реза болуш дирзирий даздарш.
ГIалгIайчохь дIайоьдуш ю Нохчийчоьнца латтанаш хийцарна дуьхьал хьажийна акци. Иттаннаш бахархоша Магасехь буьйса яьккхина республикан парламентана хьалха. ГIалгIашна хетарг зен Магасе вахара Маршо Радион корреспондент.
Соьлж-ГIала йиллина 200 шо кхачар даздеш ду Нохчийчохь. Цунна хьажийна цхьамогIа мероприятеш хилла Соьлж-ГIалахь а, республикерчу кхечу гIаланашкахь а, ярташкахь а. Соьлж-ГIалин де дазда республике баьхкина бу Оьрсийчуьра а, махкал арахьара а хьеший.
Ахь муха декъалвийр вара Кадыров Рамзан винчу денца?
Школехь болх атта бацахь а, алапа лахара делахь а, кIезиг бац царлахь шаьш къастийначу некъах бакхийбийраш. Царех цхьаь билгалвелира Маршо Радиона Хьехархочун Дийнахь.
Нохчийчоьнца шайн къоман интересашца ма-доггIу доза къастор Iедална тIедожош гулам хIоттийна Магасехь гIалгIайн жигархоша.
Хьажа кхин дIа а