Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Архангелскан кIоштарчу къайлахчу сервисийн гIишлонна чувоьддучохь эккхийтар динарг ву меттигера I7 шо долу вахархо аьлла, хаамбина Талламан комитето. Куьйга йина бомба иккхира гIишлонан тамбур чохь. Урхаллан кхо белхахо лазийна, ша тIелатар динарг а велла.
Османан импери йоьхна 95 шо кхаьчна кху деношкахь. 1299 - чу шарахь кхоллаелла туркойн пачхьалкх лаьттина 624 шарахь. Дуьненан хьалхара тIом дIабаьллачул тIаьхьа 1923-чохь вовшахтуьйхира Туркойн республика. Туркойн импери кхоллаяларх а, йожарх а лаьцна дуьйцу истрин Iилман докторо Осмаев Iаббаза
Нохчийчохь шех "паччахь" олучу Кадыров Рамзана паччахьо санна ерзайо шена критика йинчуьнца юкъаметтиг. Юхьанца даьржа критика ечу стеган я зудчун майра аз, видео, йоза.
Магасехь митингаш дIахьочу юкъанна мобилан интернет дIалакъорна меттигерчу 30 вахархочо арздина Роскомнадзоре.
Оьрсийчоьнан президенто шеконашка бахийтина ХIинжа-ГIалара бахархой.
Хьажа кхин дIа а