Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Москох, Сахаровн центрехь, лелийна йийбар йохкарца ("благотворительная барахолка") ахча гулдина шарахь сов Нохчийчохь лаьцна латточу "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна
"Сoffee feast - 2018" цIе яра шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь кофе кечъярхошлахь дIабаьхьначу къовсаман. Барам самукъане а, лаккхарчу корматаллица а дIабаьхьира иза вовшахтоьхначу туризман министралло. Iалашо яра – туризм шорлуш лаьттачу махкахь тоьлла кофе кечъен говзанчаш кхиор.
2 сохьтехь 25 минотехь 4105-зза куьйгаш тIехь дегI а лелийна Кураев Рахьима. Иза цо деш хьожуш хилла республикера спортан министр Ханариков Муса. Оьрсийчуьрчу рекордийн Книгин векалийн цхьацца хаттарш кхолладелла.
Чергазийн мамлюкийн тIаьхьенах волчу Шаркас Нагиба КъахIирехь исбаьхьа шахIар йина, Мисаран урхаллехь лаьттинчу Кавказийн къаьмнех хиллачу тIаьхьенан символш йолуш шен чохь. Нил хин юккъехь лаьттачу Баьццарчу гIайре тIехь йина гIишлошна гондахьа кхуьуш ю исбаьхьа бошмаш а, фонтанаш а.
Оьрсийчу ахча даккха дахначу шен берийн 8 бер леладо ГIиргIазойчуьрчу йоккхачу стага Зарипас. Царна дерриг а латто гIерта, амма да-нана санна дика ца ларайо ша, дуьйцу зудчо.
Авторханов Iабдурахьман, политик, Сталинан а, Брежневн а, Ельцинан а Iедалшкара юйьлу харцонаш Iорадахарца гоьваьлла хилла историк, публицист, вина 110 шо кхачарна лерина дуьненаюкъара конференци дIаяьхьна Германерчу Мюнхенехь.
Хьажа кхин дIа а
ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.
Кхаж