Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Оршоьтадийнахь шен болх юха а дIаболийна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун дов луьстучу кхело. Карарчу шеран юьххьехь лецира Титиев, наркотикаш лелорна бехке а вина.
Советан пачхьалкхехь политикан репрессешца хIаллакбина нах дагалоцучу "ТIаьххьара адрес" проектан декъаяхначу Оьрсийчуьрчу гIалех 48-гIаниг ю ХIинжа-ГIала.
Москох, Сахаровн центрехь, лелийна йийбар йохкарца ("благотворительная барахолка") ахча гулдина шарахь сов Нохчийчохь лаьцна латточу "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна
"Сoffee feast - 2018" цIе яра шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь кофе кечъярхошлахь дIабаьхьначу къовсаман. Барам самукъане а, лаккхарчу корматаллица а дIабаьхьира иза вовшахтоьхначу туризман министралло. Iалашо яра – туризм шорлуш лаьттачу махкахь тоьлла кофе кечъен говзанчаш кхиор.
2 сохьтехь 25 минотехь 4105-зза куьйгаш тIехь дегI а лелийна Кураев Рахьима. Иза цо деш хьожуш хилла республикера спортан министр Ханариков Муса. Оьрсийчуьрчу рекордийн Книгин векалийн цхьацца хаттарш кхолладелла.
Чергазийн мамлюкийн тIаьхьенах волчу Шаркас Нагиба КъахIирехь исбаьхьа шахIар йина, Мисаран урхаллехь лаьттинчу Кавказийн къаьмнех хиллачу тIаьхьенан символш йолуш шен чохь. Нил хин юккъехь лаьттачу Баьццарчу гIайре тIехь йина гIишлошна гондахьа кхуьуш ю исбаьхьа бошмаш а, фонтанаш а.
Хьажа кхин дIа а