Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Ясин Гулам СаIид ОвхIанистанера Советан пачхьалкхе валийра цуьнан 11 шо долуш, кхидолчу бойшца а, баккхийчу хаькамийн, инарлийн берашца а цхьаьна. Даймахканна юьстах 30 шо даьккхинчу Ясинна бицбелла хьесап ду шен ненан мотт, хала ду цунна къаста ша воьллачу Оьрсийчоьнах.
Шоьтадийнахь Соьлжа-ГIаличу боьдучу новкъахь лаьттачу № 21 йолчу блок-постехь ша-шен эккхийтина зудчо, иза елла, бахархойх цхьа а ца лазийна. Иштта бу полицино бина хаам. ТIаьхьо интернетехь яьржийначу видеоно цхьаболчу нехан шеко кхоьллина хиллачух.
Оршоьтадийнахь шен болх юха а дIаболийна Соьлж-ГIаларчу "Мемориалан" декъан куьйгалхочун дов луьстучу кхело. Карарчу шеран юьххьехь лецира Титиев, наркотикаш лелорна бехке а вина.
Советан пачхьалкхехь политикан репрессешца хIаллакбина нах дагалоцучу "ТIаьххьара адрес" проектан декъаяхначу Оьрсийчуьрчу гIалех 48-гIаниг ю ХIинжа-ГIала.
Москох, Сахаровн центрехь, лелийна йийбар йохкарца ("благотворительная барахолка") ахча гулдина шарахь сов Нохчийчохь лаьцна латточу "Мемориал" центран Соьлж-ГIаларчу декъан куьйгалхочунна Титиев Оюбна
"Сoffee feast - 2018" цIе яра шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь кофе кечъярхошлахь дIабаьхьначу къовсаман. Барам самукъане а, лаккхарчу корматаллица а дIабаьхьира иза вовшахтоьхначу туризман министралло. Iалашо яра – туризм шорлуш лаьттачу махкахь тоьлла кофе кечъен говзанчаш кхиор.
Хьажа кхин дIа а