Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Оршоьтадийнахь Петарбухарчу къоначу демократийн "БIаьсте" ("Весна") боламо акци дIаяьхьира нохчаший, гIалгIаший мехкийн доза къасточу муьрехь шаьш шолгIачаьргахьа хилар хоуьйтуш. ГIалин йистерчу Дудергофский канала тIехула лаьтта Кадыровн Ахьмадан тIай "бIаьстенхоша", тIера баннер хийцарца, "дIаделл
1994-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чу дийнахь оппозицехь бу бохучу наха тIелатар дира Соьлж-ГIалана. Цу хиламо бехна Нохчийчу хьалхара тIом аьлла хета цхьамогIа цигахь дакъалаьцначу нахана. (2005-гIа шо, архивера видео)
Нана – уггаре деза, ца хилча ца тору ирс. Массарел а дукха хьахайо иза литературехь, кинохь, театрехь. Амма цкъа а ца хезча санна, хаза хеза цунах олу хIора байт, цунна кхайкхош болу хIора хастам…
Даим хатт лаьтта некъаш, доцу хи, тоькаца хьоьгу бала - ишта ду-кх керлачу гIишлошчуьра дахар. Коьртачу шахьарера ара а валале, Бишкекан йистошкахь лаьтта ишта сурт. Iа тIедеачхьана кхи тIе а чолхе даьлла бахархойн дахар.
Цкъа а цадаьлларг даьлла кху кIиранах Кадыров Рамзанера. Цо наггахь болу Нохчийчуьра хилам а ца буьтура социалан машанашкахь хьахоза, цуьнан мах хадоза. Амма официалехь дош а ца хазийна ерриг а Оьрсийчоьно юьйцучу Соьлж-ГIаларчу тIаьххьарчу терактах лаьцна. ХIу ду-те иза?
Ясин Гулам СаIид ОвхIанистанера Советан пачхьалкхе валийра цуьнан 11 шо долуш, кхидолчу бойшца а, баккхийчу хаькамийн, инарлийн берашца а цхьаьна. Даймахканна юьстах 30 шо даьккхинчу Ясинна бицбелла хьесап ду шен ненан мотт, хала ду цунна къаста ша воьллачу Оьрсийчоьнах.
Хьажа кхин дIа а