Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Парижехь, Венехь, Стокголмехь гуламаш хIиттийра Мисарахь лаьцначу 5 гIалгIайн студентна орцахбевлачу вайнаха.
Къамелан дакъошлахь коьрта лоручу шиннах цхьаъ ду цIердош. Терахьашка а, дожаршка а доьрзу къамелехь цIердош. ХIинца вай толлур ду цуьнан терахьаш: цхьаллин а, дукхаллин а.
Кхаарин Iуьйранна Алтуфьевн шоссе тIехь йолчу юкъарчу хIусаме баьхкинчу полисхоша дIабигина 60 гергга Нохчийчуьра бахархой. Лианозоверчу полицин декъе кхачийнера уьш.
Оршотдийнахь иттаннаш нохчийн а, гIалгIайн а студенташ лецна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан геологин талламийн университетера полицино. ТIаьхьо дIахецна уьш. Полицино шайна гIело йина аьлла, даржийна кегийнаха.
Маршо Радионо, шен ладогIархойн а, ешархойн а дехаршна жоп луш, йолайо нохчийн меттан видеодарсаш. Оха берашна а, баккхийчарна а товш йолчу кепехь хIиттор ю уьш, грамматика а, синтаксис а, кхи долу а меттан Iилма а хьоьхуш.
Несарахь хиллачу эккхийтарах официало юьйцучу версех ша ца теша, вийна Муслим шена дика вовзарна, дуьйцу «ГIалгIайчоьнан харжам» олучу къоман юкъараллин куьйгалхочо Нальгиев ИсмаIила.
Хьажа кхин дIа а