Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
Ши бутт баьккхина Бийтро МахIира шен дай схьабевллачу, ша даима а сатийсинчу Нохчийчохь. Муха гира шена даймохк, цигара адамаш, дахар, цо дуьйцу Маршо Радионе.
Пхи студент цIеххьана вайра. Гергарчара тидарехь, цигарчу полицино лецна латтабо уьш. Амма стенна лецна, стенгахь бу, муьлхачу хьолехь кхобу и кегийнах – цунахгергарчарна хIумма а дац хууш.
Нохчийчоьнан Iедална критика ярца, блогеро Iорайоху махкахь лело харцонаш.Ткъа хIунда лаьа иза Оьрсийчу дIахьажо?
Парижехь, Венехь, Стокголмехь гуламаш хIиттийра Мисарахь лаьцначу 5 гIалгIайн студентна орцахбевлачу вайнаха.
Къамелан дакъошлахь коьрта лоручу шиннах цхьаъ ду цIердош. Терахьашка а, дожаршка а доьрзу къамелехь цIердош. ХIинца вай толлур ду цуьнан терахьаш: цхьаллин а, дукхаллин а.
Кхаарин Iуьйранна Алтуфьевн шоссе тIехь йолчу юкъарчу хIусаме баьхкинчу полисхоша дIабигина 60 гергга Нохчийчуьра бахархой. Лианозоверчу полицин декъе кхачийнера уьш.
Хьажа кхин дIа а