Маршо Радион таханлера боцца хаамаш
G20 саммитехь вовшашка вистхилар хир дац Iамеркан Штатийн а, Оьрсийчоьнан а президентийн. Iаьржа хIорда чохь Украинан кеманашна Оьрсийчоь тIелатар бахьана долуш юхадаьккхина цхьаьнакхетар.
Таджикистанан чоьхьарчу гIуллакхийн министро шен Оьрсийчуьрчу коллеге хаийтар дехна, Москох полицино хаттам бан вигинчохь валар муха нисделла шен махкахочун. Оьрсийчоьнан полицино Шоев ИлхIомиддин дог лаза а даьлла, кхелхина боху. Амма Таджикистанерчу гергарчара иза йиттина вийна, аьлла даржийна.
Конституцин кхело муха къастор ду нохчийн-гIалгIайн мехкийн доза, бохуш, нах Петарбухара хаам ларбеш Iачу юкъанна, кхо шо гергга хан а, доккха гIуда а тоьхна, Несарарчу кхело набахти кхачийна Хазбиев Мохьмадна.
Оьрсийчоьнан Конституцин кхело листина Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш бина барт мел богIу низамца, аьлла, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуровс чуделла дехар. ЛадегIаршка кхачаза бисира иттаннаш гIалгIайн жигархой.
Оршоьтадийнахь Петарбухарчу къоначу демократийн "БIаьсте" ("Весна") боламо акци дIаяьхьира нохчаший, гIалгIаший мехкийн доза къасточу муьрехь шаьш шолгIачаьргахьа хилар хоуьйтуш. ГIалин йистерчу Дудергофский канала тIехула лаьтта Кадыровн Ахьмадан тIай "бIаьстенхоша", тIера баннер хийцарца, "дIаделл
1994-чу шарахь Лахьан-беттан 26-чу дийнахь оппозицехь бу бохучу наха тIелатар дира Соьлж-ГIалана. Цу хиламо бехна Нохчийчу хьалхара тIом аьлла хета цхьамогIа цигахь дакъалаьцначу нахана. (2005-гIа шо, архивера видео)
Нана – уггаре деза, ца хилча ца тору ирс. Массарел а дукха хьахайо иза литературехь, кинохь, театрехь. Амма цкъа а ца хезча санна, хаза хеза цунах олу хIора байт, цунна кхайкхош болу хIора хастам…
Хьажа кхин дIа а