Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дезачу дийнан хьесапе берзийна дIабаьхьна Нохчийчохь. Соьлж-ГIалара хьал тергонехь латтийра Маршо Радионо.
Оьрсийчуьрчу президентан тIаьххьарчу харжамашкахь Путинехьа кхаьжнаш тесначу нехан уггаре йоккха процент яра Нохчийчохь.
Ницкъаллийн структурийн белхахоша герз диттина, вен а вийна, цул тIаьхьа тIемалойн барзакъ а доьхна, гIаттамхой бара уьш аьлла, кхайкхийнера Дагестанерчу ГасангусейновгIеран вежарийн 19 шо долу Хьасанхьусейнний, 17 шо долу Наби а.
ВорхI шо кхаьчна Шемара тIом болабелла. Юьхьанца демократин боламашка гIертачу бахархоша айбина дуьхьалонан мур шайн караийцира Исламан пачхьалкх кхуллу шаьш аьлла, бусалба нах байа хIиттинчу наха. Царна дуьхьалъелира дуьненан ницкъийн коалици. Кхин мел бахлур бу тIом хууш дац тахана а.
Путинна критика йина Дагестанера блогер-десантник Алибеков Асхьаб 10 денна дIалаьцна Новороссийскехь. Бахьана: полисхошна дуьхьалояр. Алибековн йоIа дийцарехь, полисхоша шаьш карзаха ваьккхинера иза. Алибеков вевзаш ву шен YouTube-каналехь президентан харжамашна дуьхьала бечу кхайкхамашца.
Путин президент хIоьттинчу заманчохь дуьненчу бевларш бу дуьххьара кхаж таса боьлхуш. Уьш хIу лелош бу, харжамех хIун хета царна, шайн а, пачхьалкхан а кхане муха го царна?
Кху деношкахь Оьрсийчохь дIахьош ю спортан эстафета, «180318» цIе а йолуш. Акцин Iалашо ю алссам нах президентан харжамашка кхайкхар.
Шен ялх шо долчу хенахь футбол ловза а волавелла, цул тIаьхьа хоккей дехьа а ваьлла, эххар а джиу-джитсухь дуьненаюкъара чемпион хIоьттина Горчханов Iайнди вевзий шуна? 15 шо бен доцчу кIентан ойланех, лаамех, толамех, сатийсамех ю видео.
Маршо Радиога кхаьчначу видео тIехь "кадыровцаш" бу талла бахначуьра богIуш, "тахана санна некъ тайна бацара цкъа а" бохуш, баккхийбеш.
Оьрсийчоьнан эпсар, цуьнан шпион Iийна Скрипаль Сергей Лондонехь шена деллачу дIаьвшах цомгуш хилла, дарбанцIийне кхачарх лаьцна Маршо Радионо хеттарш дира Британин коьртачу шахьарахь вехачу Ичкерин лидере Закаев Ахьмаде. Цунна хетарехь, цхьа Оьрсийчоь бен яц дIаьвшца шен мостагIий бойу пачхьалкх.
«Вайга хийцалур ду дуьне», - Финляндехь тховкIело йоцчу нахана Iедалан ахчанах цIенош а, петарш а ю оьцуш. Цхьана ханна шен гергара нах болчохь вехарг а лору цигахь тховкIело йоцург.
Нохчийчуьра а, Дагестанера а бахархоша а, политикаша а, юкъараллан жигархоша а дакъалецира Бенойн БойсгIаран кошана керла чурт хIоттош хиллачу гуламехь. БойсгIара цхьана нохчийн къоман турпалхо хилла ца Iаш, ерриге а Кавказан турпалхо хиларх лаьцна дийцира ГIачалкх эвлан кешнашкахь гулбеллачара.
Хьажа кхин дIа а