Нохчийчуьрчу ерриге музыкан школашкара дешархоша дакъалецира пианино локхуш Соьлж-ГIалахь хиллачу «Исбаьхьа пиллиг» къовсадаларехь. Тоьлла пианисташ къасточу жюрехь бара ХIирийчуьра, а Дагестанера а, меттигера а говзанчаш.
Урдунерчу нохчаша леррина Iалашйо шайн дай-наноша ДегIастанара дIаьяьхьна йийбар, духар, герз, пхьегIа. Иштта лардо махкахь дIатарлуш цара кхоьллина гIирс а, кхидолу ширачу заманан тоьшаллаш а. Нохчаша шаьш Урдуне ма-кехччи динчу Маьждигехь хилира Маршо Радион корреспондент. Иза лаьтта Сувейлехь.
Москохарчу бахархошна хеттарг
Тахана - Поэзин Дуьненаюкъара Де. Маршо Радионо кху дезачу дийнан хьомара йовзуьйту поэташлахь уггаре бIаьрла, сирла, хаза байташ язйийриг мила ву хаьттича, шен цIе нохчаша хьалхарчу могIаршкахь йоккхуш волчу Швецин яздархойн цхьаьнакхетараллин декъашхочун Юсупов Iилманан байт.
КIелвисинчуьнга хьожуш – иза гергара я лулахь вехаш вацара аьлла доцуш – даима а хилла нохчийн къоман.
Хьонка боккху а, бухку а мур бу Нохчийчохь. Бохка базаршка баьккхича, хенера бовла таро ло цо болх-некъ боцчу Нохчийчуьра бахархошна. Амма Европера нохчий хьонке боьлху шайн даймохк дагабаийта.
Оьрсийчохьчул еха елахь бен, йоца яцара харжамхойн раьгIнаш Европехь, Азехь, Iамеркахь. Дипломатийн хIусамашка хIиттийначу каппашка а оьхуш, кхаьжнаш таса сахьташкахь лаьттира нах.
Муха дIабахара президентан харжамаш Къилбаседа Кавказехь?
Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дезачу дийнан хьесапе берзийна дIабаьхьна Нохчийчохь. Соьлж-ГIалара хьал тергонехь латтийра Маршо Радионо.
Оьрсийчуьрчу президентан тIаьххьарчу харжамашкахь Путинехьа кхаьжнаш тесначу нехан уггаре йоккха процент яра Нохчийчохь.
Ницкъаллийн структурийн белхахоша герз диттина, вен а вийна, цул тIаьхьа тIемалойн барзакъ а доьхна, гIаттамхой бара уьш аьлла, кхайкхийнера Дагестанерчу ГасангусейновгIеран вежарийн 19 шо долу Хьасанхьусейнний, 17 шо долу Наби а.
ВорхI шо кхаьчна Шемара тIом болабелла. Юьхьанца демократин боламашка гIертачу бахархоша айбина дуьхьалонан мур шайн караийцира Исламан пачхьалкх кхуллу шаьш аьлла, бусалба нах байа хIиттинчу наха. Царна дуьхьалъелира дуьненан ницкъийн коалици. Кхин мел бахлур бу тIом хууш дац тахана а.
Хьажа кхин дIа а