Оьрсийн а, Шеман а авиацино Малхбалерчу Гутехь бомбанаш етта аьлла, чIагIдо тергамчаша. ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь вийна 300 стаг. ООН-ан куьйгалхочо дIахьедо, цигара нах "жоьжахатехь бехаш бу бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло "деэскалацин зонехь хьал цхьатерра ду" аьлла.
Шуьйтан кIошта 1980-чу шерашкахь хьехархочун балха кхаччарх йисира Катышева Мария Нохчийчохь. Школера яхара "Комсомольское племя" газете болх бан а. Оцу заманахь махкахь баьхначу нахана дика дагайогIу Мария. Тахана а еха цуьнан ойла иза Нохчийчоьнца. Цо дагалоьцу лелларш-хилларш.
ЦIеххьана тIебоьссинчу балано халчу хIоттийра къам. Амма ца даьккхира доьналлах. Махкахдахар а, Азехь баланаш шаьш лар а дагалоьцу дийна бисинчара....
Делкъан хан хиллале (Чиллан-беттан, 23-гIа де) Гаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунална гергахь гуламе хIиттина Европерчу нохчийн диаспорийн жигархой.
Iабдуллас ша Iамийна шена абат. Нохчийн матте ца дерзало дешнаш а "элп алале" гочдо цо ненан матте! Маршо Радион махкарчу ладогIархоша яийтина хIара видео.
Атта дац Нохчийчохь къам махках дохош гина, 1944 шеран къизалла лайна нах каро. Амма карийча, ца могу дагна хIетахьлерачу берийн, тахана - къанойн, дагалецамашка парггIат ладегIа. Депортаци чекхъяьлча а ца хилла, цкъа а ца хилла оцу нехан ирс. Дац Чиллан-беттан 23-гIа де дицдойла...
Нохчийн иллиалархойн тоба ю кху деношкахь Европерчу гIаланашкахь концерташ луш. Венехь цуьнца цхьаьнакхийтира Маршо Радион корреспондент. Композиторо, иллиалархочо Димаев Iелас дийцира Европах, цигахь бехачу нохчех, шех, шен кхолламах, тIекхочучу вайнехан Дагалецаман Дийнах а лаьцна.
Иттаннаш мехкашкара баьхкина бIеннаш эзарнашкахь мухIажирш бу Австрехь. Царех доккхах дакъа ду шаьш схьабевллачу мехкашка цигарчу политикан хьелашца доьзна юхабаха йиш йоцурш. Церан а, цаьргахьа болчу бухарчу бахархойн а митинг хилира кIиранан сарахь Венехь.
Фотоаппаратех герз а дина, уггар а кхерамечу заманахь а суьрташ дохуш лелла Садулаев Муса. Цундела уггар а герга ду цунна Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь даьхна суьрташ. 30 шарахь бинчу белхан 50 сурт гайтира цо махкахошна шен 50 шо кхаьчначу дийнахь. Маршо Радио а кхечира цу гайтаме.
Куьршалахь 38 ков-керт дIахьокхур ду. Уьш лаьттинчу меттигехь хьалайийр ю йохка-эцаран центр. Масех де делла бахархошна хIусамашкара арабовла. Меттигерчу хьаькамаша тIейогIучу хенахь царна керла тховкIелонаш хуьлуьйтур ю шаьш аьлла, амма билггал маца, дуьйцуш дац.
23-гIа Iаьнан Олимпиада схьайоьллуш церемони хилла Кълба Корейн Пхёнчханехь. Цуьнга хьожуш вара 35 эзар стаг. Iаьнан Олимпан Ловзарш дуьххьара хуьлуш ду Къилба Корейхь. 1988-чу шарахь Сеулехь хилира аьхкенан Олимпиада. (Reuters)
Хьажа кхин дIа а