Президентан Масхадов Асланан дахарх, кхалхарх лаьцна жайна арахецна цуьнан воIа Масхадов Анзора. Амма дац иза норвегин маттахь бен. Маршо Радионо Ичкерин президентан кхалхарх йолчу къайленех лаьцна къамелдира Анзорца.
Массо а меттигашкахь уьш духкуш лаьтта божарий а, зударий а. Нохчийн божаршна хIинца а эхь хета, зезагийн курс а эцна, гIалин юккъехула волавала. Цундела церан аьттонна Iедалша дохкар магадо зезагаш кху дийнахь некъан йистошкахь.
Оьрсийчохь шуьйра даздечу зударийн денна хьажийна шахматийн турнир хилла Соьлж-ГIалахь. Ткъех зудабер дара дакъалоцуш. ГIалгIайчура еана а яра 2 шахматхо.
Кхелан кхеташонехь дакъалоцуш ву леррина Титиевна гIортор ян Соьлж-ГIала веана Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь дакъалоцуш волу Явлинский Григорий. Суьдехь вист хилира вевзаш волу политик. Ша дошлардаран тоьшалла а хилла Титиев Оюб талламан изоляторера араваккхар дийхира цо.
Оьрсийн а, Шеман а авиацино Малхбалерчу Гутехь бомбанаш етта аьлла, чIагIдо тергамчаша. ТIаьххьарчу цхьана кIиранчохь вийна 300 стаг. ООН-ан куьйгалхочо дIахьедо, цигара нах "жоьжахатехь бехаш бу бохуш. Оьрсийчоьнан тIеман министралло "деэскалацин зонехь хьал цхьатерра ду" аьлла.
Шуьйтан кIошта 1980-чу шерашкахь хьехархочун балха кхаччарх йисира Катышева Мария Нохчийчохь. Школера яхара "Комсомольское племя" газете болх бан а. Оцу заманахь махкахь баьхначу нахана дика дагайогIу Мария. Тахана а еха цуьнан ойла иза Нохчийчоьнца. Цо дагалоьцу лелларш-хилларш.
ЦIеххьана тIебоьссинчу балано халчу хIоттийра къам. Амма ца даьккхира доьналлах. Махкахдахар а, Азехь баланаш шаьш лар а дагалоьцу дийна бисинчара....
Делкъан хан хиллале (Чиллан-беттан, 23-гIа де) Гаагерчу Дуьненаюкъарчу трибунална гергахь гуламе хIиттина Европерчу нохчийн диаспорийн жигархой.
Iабдуллас ша Iамийна шена абат. Нохчийн матте ца дерзало дешнаш а "элп алале" гочдо цо ненан матте! Маршо Радион махкарчу ладогIархоша яийтина хIара видео.
Атта дац Нохчийчохь къам махках дохош гина, 1944 шеран къизалла лайна нах каро. Амма карийча, ца могу дагна хIетахьлерачу берийн, тахана - къанойн, дагалецамашка парггIат ладегIа. Депортаци чекхъяьлча а ца хилла, цкъа а ца хилла оцу нехан ирс. Дац Чиллан-беттан 23-гIа де дицдойла...
Нохчийн иллиалархойн тоба ю кху деношкахь Европерчу гIаланашкахь концерташ луш. Венехь цуьнца цхьаьнакхийтира Маршо Радион корреспондент. Композиторо, иллиалархочо Димаев Iелас дийцира Европах, цигахь бехачу нохчех, шех, шен кхолламах, тIекхочучу вайнехан Дагалецаман Дийнах а лаьцна.
Хьажа кхин дIа а