Дахаран массо а агIонашкахь жигара бу Урдунера нохчий. Царалахь хилла ца Iа беккъа цхьа спортхой - дуккха а бу Iаьрбийн дуьнено лору нохчий Iилманехь а, Iеламчашлахь. Маршо Радионо вовзуьйту Iамманерчу университетехь экономика, финансаш хьоьхуш волу Бено Iадил.