Керстанийн уггаре деза де Пасха даздира Соьлж-ГIаларчу килсехь
Эвтархо Исрапилов Халид медицинан университет чекхйоккхуш ву Венехь. Лоьран дешар массанхьа а лору халачех, амма жимчу стага воккхавеш дуьйцу студентан дахарх лаьцна.
Полицино шена тешнабехкца йиллина наркотик, боху Титиев Аюба. Оцу хьокъехь цо дина арз тIе ца оьцура талламо, хIинца Талламан комитет реза хилла иза талла.
Дуьненаюкъарчу минанашца къовсам латточу денна лерина.
Чехерчу Вогл Филипа а, Явурек Петара а 10 баттахь дуьненна го баьккхина 42 шо долчу "кепек" олучу Жигули (ВАЗ 2101) тIехь.
23 шо долчу Рахьмана кегийрхошка доьху дуьненан Iилма кардерзор. Шен интернет-агIонтIехь цо яздо харц некъаш хаьржича хуьлучу вончу тIаьхьалонех лецна. Цо ца лечкъадо ша массех шо хьалха, Iехавелла, Шема тIаме ваха ойла йолуш хилла хилар.
Дахаран массо а агIонашкахь жигара бу Урдунера нохчий. Царалахь хилла ца Iа беккъа цхьа спортхой - дуккха а бу Iаьрбийн дуьнено лору нохчий Iилманехь а, Iеламчашлахь. Маршо Радионо вовзуьйту Iамманерчу университетехь экономика, финансаш хьоьхуш волу Бено Iадил.
Исламан Республика 1979 шарахь кхайкхийна ГIажарийчохь.
Петарбухахь уггаре вевза "хIусам йоцу – экскурсилелорхо" ву Раснер Василий. 67 шо ду цуьнан. Географин хьехархо вара иза цхьана хенахь. Жоьлкаша тешнабехк а бина, шен хIусамах ваьккхина иза – ворхI шо ду арахь веха. Яа-мала мехах экскурсеш а лелош йоккху цо шена.
Нохчийчоьнан хьалхара президент хиллачу Дудаев ЖовхIаран дахар а, ша Нохчийчохь Ичкерин заманахь яьккхина хан а дагалоьцу Тбилисерчу Гуьржичоьнан пачхьалкхан университетан профессоро Чухуа Мераба.
Iамеркарчу консалтинган MERSER компанино довзийтина ша шарахь цкъа бечу талламех рогIерчун жамI: муьлхачу гIаланашкахь атта а, дика а ду адамна даха. Зийначу 230 сов гIаланах юха а, иссазлагIа, хьалхарчу метте яьлла Вена.
Магомадов Хасуха тешна бехкца вийна де ду тахана.
Хьажа кхин дIа а