ДIахьаькхначу цIенойн метта дирзинчу кIиранах схьайиллинчу "Шали-Cити" куьпахь берашна вилспеташ йийкъира Iедало. Амма совгIаташ, уьш кIезиг хиларна, къийса дехира. Юха а аьшнаш еш гайтира Оьрсийчоьнан прессо Нохчийчоь.
100 шо хьалха 1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика.
1918-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 11-чу дийнахь Чермоев Iабдул-Межеда а, Бамматов ХIайдара а, декларацина къелла куьйгаш а таIийна, дIакхайкхийра йозуш йоцу Къилбаседа Кавказан Ламанхойн Республика кхоллар
Венерчу университетехь дIаяьхьира "Европа а, цуьнан бусалба нах а" цIе йолу конференци. Цигахь дакъалоцуш бара университетан профессорш а, исламан вовшахтохараллийн куьйгалхой а. Конференцехь дийцира бусалба нах Австрин юкъараллан дакъа хилла дIахIиттарх лаьцна хаттарш.
ХIора шарахь, хIора гIалахь санна, тIеман парад дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалло Соьлж-ГIалахь. Гайтаме яьккхинера тIеман ницкъаш а, царна тешийна техника а. Декъаозийнера бераш, кегийрхой, къаной, бюджетан белхахой а.
Богучу Килауэа ломара охьаьвддачу маьIданаша хIаллакъеш ю машенаш, цIенош, дитташ. Бохам гойтуш видео яржийна Гавайи-гIайренан бахархоша. Ломана 20 километр герга лаьттачу Леилани-Эстейтс юьртарчу 2000 вахархочун вада дезна. Яьгна 35 гIишло, беллачех лаьцна хаам бац цкъачунна. (Reuters-ан видео)
Оцу юкъанна хийцина пачхьалкхан куьйгалхочунна даржехь яккха луш йолу хан - 6 шо. Дац Путинан амалехь шен инаугураце кхечу мехкийн лидерш кхойкхуш а. Амма алссам гулло Кремлерчу бараме цуьнан куьйга кIелхьарчу урхаллийн, регионийн куьйгалхой.
59 кхаж шегахь а, 42 дуьхьал а болуш, Эрмалойчоьнан премьер-министр хаьржина пачхьалкхан Къоман Гуламо халкъан протестан "Елк" фракцин лидер Пашинян Никол. Бакхийберца тIеэцна и хаам Республикан Майданахь лаьттачу гуламхоша.
Оьрсийчоьнан урхалле хIоьттинчу президентан Путин Владимиран инаугураци яра тахана делкъанна Москох.
Оьрсийчуьрчу "Он нам не царь" акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо. Москох лаьцна Навальный Алексей.
Соьлж-ГIалахь аппеляцин кхелехь листира бакъонашларъяхочун Титиев Аюбан гIуллакх.
Къилбаседа Кавказан мехкашкахула говрашкахь Дагалецаман акци дIахьош бу чергазий. Толаман Де даздеш арабевлла дошлой.
Хьажа кхин дIа а