ХIора шарахь, хIора гIалахь санна, тIеман парад дIаяьхьна Нохчийчоьнан куьйгалло Соьлж-ГIалахь. Гайтаме яьккхинера тIеман ницкъаш а, царна тешийна техника а. Декъаозийнера бераш, кегийрхой, къаной, бюджетан белхахой а.
Богучу Килауэа ломара охьаьвддачу маьIданаша хIаллакъеш ю машенаш, цIенош, дитташ. Бохам гойтуш видео яржийна Гавайи-гIайренан бахархоша. Ломана 20 километр герга лаьттачу Леилани-Эстейтс юьртарчу 2000 вахархочун вада дезна. Яьгна 35 гIишло, беллачех лаьцна хаам бац цкъачунна. (Reuters-ан видео)
Оцу юкъанна хийцина пачхьалкхан куьйгалхочунна даржехь яккха луш йолу хан - 6 шо. Дац Путинан амалехь шен инаугураце кхечу мехкийн лидерш кхойкхуш а. Амма алссам гулло Кремлерчу бараме цуьнан куьйга кIелхьарчу урхаллийн, регионийн куьйгалхой.
59 кхаж шегахь а, 42 дуьхьал а болуш, Эрмалойчоьнан премьер-министр хаьржина пачхьалкхан Къоман Гуламо халкъан протестан "Елк" фракцин лидер Пашинян Никол. Бакхийберца тIеэцна и хаам Республикан Майданахь лаьттачу гуламхоша.
Оьрсийчоьнан урхалле хIоьттинчу президентан Путин Владимиран инаугураци яра тахана делкъанна Москох.
Оьрсийчуьрчу "Он нам не царь" акцешкахь полицино лаьцна 600 сов декъашхо. Москох лаьцна Навальный Алексей.
Соьлж-ГIалахь аппеляцин кхелехь листира бакъонашларъяхочун Титиев Аюбан гIуллакх.
Къилбаседа Кавказан мехкашкахула говрашкахь Дагалецаман акци дIахьош бу чергазий. Толаман Де даздеш арабевлла дошлой.
Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхелехь еарин дийнахь листа безаш бара Титиев Аюбан гIуллакхехула суьдо бинчу сацамна цуьнан гIо лоцучу агIоно бина латкъам.
Шен къизаллица дуьненна а вевзаш ваьхначу Сталин Иосифа а олуш хилла, «Дас кIантах жоп ца ло». Амма Оьрсийчуьрчу, къаьсттина Нохчийчуьрчу дахарх тахана хьакхалуш дац и алар – шайн критикаш церан гергарнаш хьийзорца дIасовцо марзделла, масала, Кадыровн Iедал. Дуккха бу и тайпа хиламаш.
Бусалба боснихоша а, хорваташа-католикаша а, ортодокс-керста сербаша а цхьаьна гIуллакх до Боснин а, ХIерцоговинан а эскарехь.
Оппозицин лидеран Пашинян Николан агIончаш Iуьйранна дуьйна арабевлла дуьхьаонан акцешка.
Хьажа кхин дIа а