Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Британин Iедалхой сихонца кхеташоне ховшийра юха а "Новичок" дIовш чугудаларо. БIеннаш детективаш бу толлуш. Чоьхьарчу гIуллакхийн министрна хетарехь, хьалха а санна, дезинформаци яржош еха Кремл. Оьрсийчоьно ша цхьана а кепара яц инцидентан декъахь, боху.
Къоранан аяташ, хьадисаш социалан машанашкарчу агIонашка дахкар бахьана долуш лецна Казахстанехь, цигарчу адвокаташа дечу тоьшаллица, бIеннаш нах. Бакъоларъярхой, лецначийн гергарнаш тешна бу Iедал харц хиларх.
Мисархоша емалво Кадыров цо Нохчийчохь шайн футболан тобанца шена пиар ярна. Мила ву вониг, луьсту цара: Рамзан, я цуьнан "да-террорхо"?
Оффициалехь 2 проценте а ца кхочу Нохчийчохь беха керстанаш. Болх беш ю таханенна 8 килс. Ян кечлуш бу мохк кхин цхьаъ а.
Хир ду ала а доцург – шай пачхьалкхерчу футболан тобано Испани эшор – доггах даздира Оьрсийчуьрчу фанаташа. Букъбинера некъаш машенаша а, байракхаш карахь толам базбан арабевлачара а.
Нохчийн къоман аганашка – Шуьйтан лаьмнашкарчу ярташка - гIерта дайн орамашца зIе мел ерг. Вешан мехкан хазалла гайта генара баьхкина хьеший а буьгу вай лома. Нохчийчоьнан хазачел а хазачу Iаламатех ю Маршо Радион корреспонденто вайна гойту хIара меттиг а – Нохч-Кхаьллара чахчари.
Хьажа кхин дIа а