Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Нохчийчохь Теркйистан кIоштахь кхаа гектарна тIехь ахкарш дIахьош бу археологаш. Цигахь, латта тIехь белхаш беш, карийна "аланийн заманахь" даьхначу адамийн кешнаш.
"Машук-20I8" форуман сцени тIе дIахIитта безаш бара цига баьхкина регионийн куьйгалхой. Шайн-шайна къастийна меттиг царна хаийта, лаьтта хIиттийнера церан цIерш тIехь йолу кехатан цуьргаш. Шен метте дIахIоьттина ваьлча, Кадыров Рамзана когашкара схьаэцна, кисана таIийра шен цIе тIехь йолу кехат.
"Керлачу оьрсашна" карийна дакъа Оьрсийчоьнан дипломатин керла хатI. Оьрсийчоьнан-Iамеркан гуманитаран юкъарлонашкахула волу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векал хIоттийна Голлувидуан актер Сигал Стивен. Алссам бу тахана и санна болу "керла оьрсий".
Венерчу Операна гергахь гулбелира Гуьржийчохь 10 шо хьалха иккхина тIеман конфликт дагахь лаьтта гуьржий а, цаьрца цхьаьна лелларг-хилларг емалдан арабевлла нах а. Демонстранташлахь бара меттигера бахархой, Австрехь беха украинахой, нохчий, кхечу къаьмнийн векалш.
Сирадж ибн Ваххьадж цIе йолчу имаман кIанта бераш Iамош хилла лелхийтарш дан. КIезиг луш хилла цо царна даа-мала а. Iамеркан Штаташкарчу школашна тIелата кечдеш хилла бераш, боху талламчаша.
Нохчийчуьрчу Талламан комитето, цуьнан ларх шаьш ца кхета аьлла, даредина. Шен гIуллакхашна гIали юккъе вахначуьра юха ца веанера иза.
Хьажа кхин дIа а