Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Дукха хьолехь хеза Нохчийчоьнан урхалчашкара Бехктакхаман кодексо зуламе лору къамелаш. Къастттина дукха хьоьшу оцу маьIнехь низам ша мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо тIаьххьара а террорхойн тIегIане баьхна адамийн бакъонаш ларъе а, Iедале харцонаш цалелаяйтарехьа къахьоьгу а нах. Маршо Радионо гойту цо деккъа цхьана дийнахь, цхьана шен къамелехь маса низам талхийра.
ММА –н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца лата дагахь волчу Макгрегора питане къамел дина, аьлла хета цхьаболчу кавказхошна. Ша лата кечвеш, джиу-джитсу хааршца гIодарна баркалла олу Магомадов Аюбна, амма шена тешнабехке хета Хьабибехьа волу кхин нохчо - Тухугов Зубайр, аьлла гоьваьллачу ирландхочо. ("Бакъ нохчочо цкъа а гIодийр дац дагестанхо нохчочух лата кечвеш"). Нурмагомедов лата кечвечаралахь волчу цуьнан дена Iабдулманапна а аьлла Макгрегора "кIилло".
Украинахоша даймахкахь а, арахьа а шуьйра даздо шайн пачхьалкхан Маршонан Де. ТIаьххьарчу шерашкахь а санна, Венерчу Украинан векалте дезчу дийнан бараме кхайкхинчу хьешашлахь бара Австрехь беха нохчий. Векало Александр Щербас довха дешнашца хьахийра украинахошний, нохчашний юкъадоьлла гергарло, довхачу дешнашца баркалла элира хьешашна шайн мехкан ларам барна.
Доьрзуш ду ГIурбан деза денош. Муха уьш дIадаьхьира ша схьаэцначу нохчийн доьзалехь, теллира Маршо Радион корреспонденто. Ахьмад боккхачу доьзалан хьалханча ву, цо довзийтира шайн доьзалера хIора шеран ламаст.
Интернетехула шен "китал" тIера мидалш ийззош схьайоху нохчийн "эпсар" тидаме эцнарш вуно дукха бу. Европехь вехачу хьалха-мартанхочунна Бетельгериев Мохьмадна х1ун ца тайна оцу кепара хьовззал? Массарна а санна, иза цуьнгара шеггара хаза лиира Маршо Радиона а. Хилларг Мохьмада ша дуьйцу.
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера хаамаш
Хьажа кхин дIа а