Чекхъели аьхкенан берийн мукъа хан. Деладелла, декхаделла деа Дешаран Хьалхара Де. Дешархошна шатайпа ду и де. Цхьаволу дешархо цхьа класс хьалаволу, ткъа бу царлахь тахана дуьххьара школе баьхкинарш а. Соьлж-ГIаларчу 48 -чу школехь шо доладалар тидаме ийцира Маршо Радион корреспонденто.
Дешаран керла шо – дай-наной гIайгIанеххий, берийн хазахетарех бозало мур. Керла кинжканаш, керла дешаран йийбар, дешархошна магош доллу духар эца тIедужу хIора доьзална. Оцу гIайгIано лаьцна го дукха адам кху деношкахь. Делахь а, йолу а, йоцу а таро юьту наха шайн берийн дуьхьа туьканашкахь, базаршкахь. Муха кечдина бераш Дешаран Керлачу Шарна теллира Маршо Радионо.
1996-чу шарахь Марсхьокху-беттан 31-чу дийнахь Хасу-Юьртахь Оьрсийчоьнна а, Нохчийчоьнан Ичкери республикана а юкъахь машаран бертан кехатна куьйгяздира нохчий эскаран буьйранчас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а. Махкара арадаха сацийра Оьрсийчоьнан эскарш.
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Махкахь нах доьза бов бохуш яржаен информаци питана ду, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Халкъан мостагIийн могIара хIиттийна цо шен къамелехь бакъоларъярхой. Муха, стенна бовш бу "уггаре маьршачу" регионехь нах, теллира Маршо Радион «Настоящее Время» ("Карара Хан") проекто.
Кхааридийнахь телевизионехь пенсин реформех вистхилла Оьрсийчоьнан президент. Тахана долчу низамашца, зударийн болх бан йиш ю 60 шо кхаччалц. Божарийн пенси боьлху хан 65 шо кхаьчча магош ю.
Марсхьокху-беттан 30 де байна нах дагалоцу дуьненаюкъара де лору Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацино. Нохчийчоьнан бахархоша тахана лохуш ву доьза вайна 3000 стаг. Церан могIарш бузуш лаьтта денна а.
Дукха хьолехь хеза Нохчийчоьнан урхалчашкара Бехктакхаман кодексо зуламе лору къамелаш. Къастттина дукха хьоьшу оцу маьIнехь низам ша мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо тIаьххьара а террорхойн тIегIане баьхна адамийн бакъонаш ларъе а, Iедале харцонаш цалелаяйтарехьа къахьоьгу а нах. Маршо Радионо гойту цо деккъа цхьана дийнахь, цхьана шен къамелехь маса низам талхийра.
ММА –н чемпионца Нурмагомедов Хьабибца лата дагахь волчу Макгрегора питане къамел дина, аьлла хета цхьаболчу кавказхошна. Ша лата кечвеш, джиу-джитсу хааршца гIодарна баркалла олу Магомадов Аюбна, амма шена тешнабехке хета Хьабибехьа волу кхин нохчо - Тухугов Зубайр, аьлла гоьваьллачу ирландхочо. ("Бакъ нохчочо цкъа а гIодийр дац дагестанхо нохчочух лата кечвеш"). Нурмагомедов лата кечвечаралахь волчу цуьнан дена Iабдулманапна а аьлла Макгрегора "кIилло".
Хьажа кхин дIа а