Кху дарсехь вай толлур ду цIердош лург дожарехь. Хууш ма - хиллара, вайн меттан дожарехь кхоалгIаниг ду лург дожар.
Парижерчу а, Европан кхечу гIаланашкара баьхкинчу а нохчаша протестан гулам хIоттийра пIераскана Францерчу Польшин векалтна хьалха. Гуламхоша дийхира Варшаверчу Iедале Полшехь вехачу нохчочунна, Кадыровн режиман критикна Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело ялар.
Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Австрино махкахбаха, гезбан болийна мухIажирш, шайлахь нохчий а болуш. Деношкахь нохчашна дуьхьал Iедало йолийна кампани бакъьеш Iедалан коьртачу координатро ХIофер Норберта элира, шайн пачхьалкхо еккъа цхьана Венехь кхобу 30 эзар нохчо. Долучул 30-за дестина довзийтир цо долу хьал.
20I8-чу шеран гурахь дуьйна Таджикистанерчу базарашкахь мехала девлла чола куйнаш. И куй тиллина лата юкъавелира Хьабиб ирландхочуьнца Макгрегор Конарца. Толам а баьккхира Дагестанерчу Нурмагомедов Хьабиба оцу латарехь.
Магнитогорскехь зен хиллачарна стенна ца оьшу Кадыров Ахьмадан фондера ахча схьаэца?
Туркменистанан президент Бердымухамедов Гурбангулы меттигерчу телевизионан коьрта ньюсмейкер хилла ца Iа. Дикачу агIор бен ца йоккху Аркадаган (урхалхочун) цIе. Президентан балхах, я Iедалхойн гIуллакхех лаьцна сюжет яцахь а, Бердымухамедов ца хьахош йоьрзуш яц меттигера эфир.
Нохчийн пачхьалкхан университетан студенташа чIагIдо, шаьш меттигерчу Iедалша коррупцин схемашна юкъаийзадо бохуш. ХIора баттахь дешархойн банкашкарчу чоьташ тIе ахча долу, ткъа кураторша, "шу доьшучуьра дIадохур ду" бохуш, кхерамаш а туьйсуш, банкера ахча схьа а оьцуш, шега схьадала декхаре бо уьш.
Хьажа кхин дIа а