КъахIирерчу Ал-Азхар университетехь доьшучу Оьрсийчуьрчу студенташа дIахьедо, Мисарахь хилар шайна кхераме ду бохуш. Меттигерчу полицино а, къайлахчу сервисаша а даим рейдаш дIахьо, кехаташка хьуьйсуш, дIалоьцуш, шайн пачхьалкхера арабохуш. Доккхачу декъанна и хьакхало кавказхойх, салафитех а.
Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Шайн бераш даймахка дIадигийта реза ца хилла Иракъехь кхелаш йина цхьаболу таджикийн зударий. СаIуда Iаьрбийчуьрчу Таджикистанан векалтан хаамашца, Иракъехь Таджикистане дIахьажо кечдина ду 95 бер. Амма набахтехь такха яккхий хенаш йиттинчу церан наношкара пурба доцуш, бакъо яц бераш новкъадаха.
Нахана гуш-хезаш бехказбийлийтар кхи дIа а дахьа деза аьлла Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата.
ЛГБТ-юкъараллин агIо лоцуш филм яьккхина Болгарерчу хелхарчас-режиссеро.
Регионерчу кхелан сацамца, Нохчийчуьрчу бахархошна тIера даккха кечдина 9 миллиард сом декхар муха гулделла ду аьлла хаттар хIутту. ТIеман 1990-чу а, 2000-гIа шерашкара схьа, Соьлжа-ГIала херцаршлахь Iуьллучу заманчуьра дуьйнна вовшахкхетта декхар ду иза аьлла, Думан депутато Саралиев Шамсаила.
Кху дарсехь вай толлур ду цIердош лург дожарехь. Хууш ма - хиллара, вайн меттан дожарехь кхоалгIаниг ду лург дожар.
Парижерчу а, Европан кхечу гIаланашкара баьхкинчу а нохчаша протестан гулам хIоттийра пIераскана Францерчу Польшин векалтна хьалха. Гуламхоша дийхира Варшаверчу Iедале Полшехь вехачу нохчочунна, Кадыровн режиман критикна Абдурахманов Тумсона политикан тховкIело ялар.
Австрино махкахбаха, гезбан болийна мухIажирш, шайлахь нохчий а болуш. Деношкахь нохчашна дуьхьал Iедало йолийна кампани бакъьеш Iедалан коьртачу координатро ХIофер Норберта элира, шайн пачхьалкхо еккъа цхьана Венехь кхобу 30 эзар нохчо. Долучул 30-за дестина довзийтир цо долу хьал.
Хьажа кхин дIа а