Нохчийчоь Канадех хийцар, Кадыровга йоI схьаехар, Грозный-ситина совгIат далар (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Гуьржийчоьнна а, Нохчийчоьнна а юккъахь некъ биллар дийца даьккхина юха а мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Ткъа Тбилисерчу бахархошна ца тов цуьнан план.
Британерчу имама Абдуррахман Димашкъийас «дин харцхьадаккхарна» бехкебина Нохчийчоьнан куьйгалхой. Цара шайн доIанашкахь беллачаьрга кхойкху, теша 150 шо хьалха велла Киши Кунта-Хьаьжа дийна а ву, дин даржош дуьнентIехула ваьлла а лела бохучух, цу тIе шаьш « Дела цхьаъ во» бохуш а лела, аьлла шайха.
Кадыровга кхерамаш ма тийсийта боху бакъоларъярхоша, Дагестанхоша йиттина нохчашна т1ех1оьттинчунна, Тутмакхийн авторитет а, Кадыров а, Атамбаев а (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Шемахь, къиза хьийза а вина, стаг вийнарш хила мега Оьрсийчуьрчу "Вагнеран долахь йолчу компанин" декъашхой. Царах цхьа наёмник мила ву хиъна "Новая газетана". Цунах лаьцна яздо Маршо Радион Оьрсийн сервисо.
14% нохчий бу заьIап, Маликас кхин туьйсур бац пал, Лецна латточуьра кхайкхам баржийна гIалгIайн оппозиционераша (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
13-гIа де ду Канадера шен гергара нах болчу Соьлж-ГIала вахана, церан хIусамехь Iечу юкъанна Ибрагимов Азамат дIавигина. Иза лаьцна вигинарш Iедалхой хиларх шеко яц гергарчийн. Кадыровн Iедалехьа лаьттачу Инстаграмерчу Eldit_net агIоно видео арахецна Азамат лаьцна массех де даьлча...
ХIитлер Адольф винчу хIусаме зиярте хIитта таро хир яц нео-нацистийн тIейогIучу заманчохь. Цигахь уьш дIалеца тарло. ХIунда аьлча, Австрин чоьхьарчу гIуллакхийн министралло дIакхайкхийна, диктатор дуьненчу ваьллачу цIийнах шаьш полисхойн дакъа дIатардийр ду аьлла.
Латтанашна ревизи йийр ю Нохчийчохь, Полисхочунна урс деттарна – 6 шо, Мисарахь лецначу гIалгIайх (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Австрерчу «Нохчийн нанойн цхьаьнакхетаралло» (Netzwerk tschetshenischer Mütter in Österreich) Польшерчу Освенцим цIе йолчу концлагере экскурсе бигира Австрехь кхуьш болу нохчийн кхиазхой. Царна кхечу къаьмнаша шайн истори а, шайн къоман иэс а муха лардо гайтар яра проектан Iалашо.
Иракъера цIадалийна бераш, ХангошвилигIарна депорт йина Швецино, ФСБ «балха оьцург» лаьцна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Гуьржийчоьнан парламентан неIарш лецна, протестан гуламе бевлла лаьттинчу нахах оршоьтадийнахь дийнан сарахь полицино лаьцна 37 стаг. И хаам баржийна, «Керланаш-Гуьржийчоь» агенталло бахарехь, ша Тбилисерчу полицино.
Хьажа кхин дIа а