Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Массех бутт хьалха керла экскурси йолийра Къудсехь. Ширачу гIалин истори шен-шен кепехь юьйцу палестинхочо а израилхочо а.
Хой, Макажой, Ихара, Хьаркъарой... Советан Iедало нохчий махках бохуш йохийна ярташ, дахар меттахIотто ца юьтуш, еса лаьттина ЧIебарла. ХIинца хийцадала тарло цигара хьал – Iедало ша бийр бу бохучу аьттонашна тIе а тевжаш, ша-ша хьалагIур ву дайн лаьмнашкахь, олуш хеза чIебарлошкара.
Кху гIалин 2000 шо ду. Цу чохь баьхначу кавказхоша биргIанашкахула кхачийна хи шайна тIе, кхоьллина хIусамаш йохъен гIирс а.
15 шо хьалха ша вехачу Къатарахь маьждигера араваьлла шен машен чу хууш, Яндарбиев эккхийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша. Цуьнан воI Дауд лазийра, Зеламха велира хиллачу чевнех.
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан дов луьстуш ю Шелан кIоштара кхел. Шо сов ду кхелахо Зайнетдинова Мадина девнан доладеш йолу. Хийцам боццуш, цхьа сурт латтадо цо кхелехь.
Iаьнан роже дирзина Нохчийчоьнан лаьмнашкарчу садоIийлийн дахар: салазаш, довха чай, кофе, дагах кхета эшарш. Йочанаша лайнах яккхарх, кегий а, баккхий а хьешех юьзина лаьтта дегIана а, сина а аьхна меттиг – Къоьзан Iам.
Дахначу шинаридийнахь Дагестанан парламентан спикер Шихсаидов Хизир Нохчийчу ваханера шина республикана юкъара дозанаш билгалдахаран хьокъехь дийцарш дIадахьа. Делахь а, къаьстина хIуммаъ дац хIетте а.
Хьажа кхин дIа а