Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина конгрессхочуьнга Омар ИлхIане дарж дита аьлла, жуьгташна дуьхьал шена хетарг аларна иза бехке йинчул тIаьхьа, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.
Массарел а кхераме лору онкологи уггаре а яьржина лелачу цамгарех ю Нохчийчохь. Махкарчу лоьраша шайга далург дерриг а до цамгаро лазархошка хьоьгуьйту бала байбеш.
Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Массех бутт хьалха керла экскурси йолийра Къудсехь. Ширачу гIалин истори шен-шен кепехь юьйцу палестинхочо а израилхочо а.
Хой, Макажой, Ихара, Хьаркъарой... Советан Iедало нохчий махках бохуш йохийна ярташ, дахар меттахIотто ца юьтуш, еса лаьттина ЧIебарла. ХIинца хийцадала тарло цигара хьал – Iедало ша бийр бу бохучу аьттонашна тIе а тевжаш, ша-ша хьалагIур ву дайн лаьмнашкахь, олуш хеза чIебарлошкара.
Кху гIалин 2000 шо ду. Цу чохь баьхначу кавказхоша биргIанашкахула кхачийна хи шайна тIе, кхоьллина хIусамаш йохъен гIирс а.
15 шо хьалха ша вехачу Къатарахь маьждигера араваьлла шен машен чу хууш, Яндарбиев эккхийтира Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисан белхахоша. Цуьнан воI Дауд лазийра, Зеламха велира хиллачу чевнех.
Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" Центран Соьлжа-ГIаларчу декъан куьйгалхочун Титиев Оюбан дов луьстуш ю Шелан кIоштара кхел. Шо сов ду кхелахо Зайнетдинова Мадина девнан доладеш йолу. Хийцам боццуш, цхьа сурт латтадо цо кхелехь.
Хьажа кхин дIа а