Чиллан-беттан 23-чохь хьовса 1954 шарахь, Iедалан тидам тIерабалар бахьана долуш, Бетишев Хьусайна ша Казахстанера Нохчийчу варах лаьцна дуьйцуш.
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Казахстанерчу гIалгIаша, шайна аьтто бац даймахка юхадерза, реабилитацех долу низам кхочушдеш дацарна а, Къилбаседа ХIирийчоь дуьхьал латтарна а, боху. Иштта хоуьйту, шайна нохчийн-гIалгIайн дозанаш къасточу барамо бинчу хьаамах лаьцна а.
1944 шарахь къам махках доккхуш а, 1957 шарахь депортацера цIавеъча а шена Iедалера а, Нохчийчохь бухахь бехачу нахера а хезарг цхьаъ дара боху 80 – лара ваьллачу хьалкелочо Iабдурахьмана.
КIиранан сарахь Венехь цхьаьнакхийтира Австрерчу вайнехан кхеташо. Пачхьалкхерчу цхьацца кIошташкахь бехачу нохчийн а, гIалгIайн а диаспорийн векалша дийцаредира Австрехь бехачу шайн махкахошкара хьал, юкъара гIуллакхаш. Кхеташонан Iалашонех лаьцна дуьйцу цуьнан куьйгалхочо Мусалатов Шайхис.
Iамеркан президенто Трамп Доналда кхайкхам бина конгрессхочуьнга Омар ИлхIане дарж дита аьлла, жуьгташна дуьхьал шена хетарг аларна иза бехке йинчул тIаьхьа, яздо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.
Массарел а кхераме лору онкологи уггаре а яьржина лелачу цамгарех ю Нохчийчохь. Махкарчу лоьраша шайга далург дерриг а до цамгаро лазархошка хьоьгуьйту бала байбеш.
Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Хьажа кхин дIа а