Маршо Радион тIаьххьара керланаш
Социалан машанашкарчу дагестанхойн тобанаша шуьйрра дийцаредо кIиранан сарахь Нохчийчуьра ГIалгIайчу боьдучу новкъахь Дагестанан техникан инвертаризаци ечу а, латта Iедалан тергаме дерзочу а бюрон декъан хьакам Хизриев Хизри нохчийн полицино сацорах лаьцна.
Лазар дукха генадалале молханаш лоьхуш, цунах талламаш бан керла кепаш караерзош, жигара къахьоьгу медицинан Iилманчаша. ХIунда аьлча, лазар хааделлачул тIаьхьа маса дарба доладахь, шансаш мел а алсам ю, цу цамгарх хьалхавала. Онкологехь тIаьххьара баьхначу кхиамех дуьйцу Али-заде Дарияс.
Нохчийн меттан къамелан дакъошлахь коьртачех долчу цIердешан бархI дожарх доьалгIаниг ду Дийриг дожар.
"Новая Газетан" ("Керла Газета") пресс-центрехь бакъоларъярхоша дийцаредина, Къилбаседа Кавказехь муха эшалур ю радикализм, хIун дан догIу цунна бахьанаш ца кхолладалийта.
Оьрийчохь уггар а къена НогIамирзин-Юьртара (Теркйист) 130 шо долу Истамбулова Кхокха кхелхина. Цуьнан йоьIан кIанта Абубакаров Илеса бина и хаам. Цо бахарехь, кхи сагатдеш хIума а дацара цуьнан могушаллица, яздо Новости агенталло. (Маршо Радион архивера видео).
Хьиджабан дуьненаюккъара де ду Чиллан- беттан хьалхарчу дийнахь билгалдоккухш.
Оьрсийчуьрчу колонешкахь бохкучу Къилбаседа Кавказерчу бахархойн хьал дуьйцуш леррина дIахаийтар арахецна "Гражданское содействие" комитето. Цу дIахаийтарехь юьйцург ю 2015-чу шарахь дуьйна 2018 шаре кхаччалц йолу хан.
ГаланчIожан кIошт денйийр ю аьлла Кадыров Рамзана
Хьажа кхин дIа а