Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Мисарахь вайначу студентан Дугиев Хизиран нанас чIагIдо: ГIалгIайчоьнан омбудсмено Оздоев Джамбулата шен кIант карийна аьлла, ша куьйгъяздина цкъа официалан кехат даийтина, тIаьхьа иза харцдина бохуш. Вайначу пхеа студентех цхьаннан кхолламах хууш дац хIинца а.
БархI дожарх ялхалгIаниг ду Хотталург дожар.
Хенан йохалла мел дукха хир бу бусалбанаш Оьрсийчохь? Кеп-кепара ю экспертийн прогноз, делахь а цхьаъ ду билгалдолуш – алсамдер ду бусалба нехан терахь.
Гуьржийчуьрчу ярташлахь нохчий беха уггар а башха меттиг ю ПIаьнказа. I990-чу шерашкахь Нохчийчуьра мухIажирш чу а оьхуш, хала мур лаьттинехь а, тахана маьрша, паргIат беха кхузара нах.
Блогеро Абдурахманов Тумсос дуьйцу шена "Лордо" чIир кхайкхорах а, ша Кадыровс сийсазварх а лаьцна.
Iедалшца юха а проблемаш ю латархочун МакГрегор Коноран. Шеца селфи ян гIоьртинчу фанатан мобилан телефон кагйина, цуьнан гаджет дIаяхьарна бехкево ирландхо хIинца.
Бибулаева Залина Дагестанера ю. Тамаше ду цуьнан ДАIИШ-ера яда аьтто балар. ХIинца иза ю шен даймахкахь. 2014-гIа шо тIедаллалц Залина шен берашца цхьаьна яьхна Туркойчохь. Цо ша дийцарехь, иза тешна нах тIаме кхойкхучех, керла дахар кхоллархьама яхана Шема.
Хьажа кхин дIа а