Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Cуьдхочо 9 сов сохьтехь бийшира ша бина сацам. Кхеле баха лууш дуккха а нах бара, амма уьш чу ца битира.
Оршотдийнахь Шелан кIоштан кхело сацамбина бакъоларъярхо Титиев Оюб 4 шарна набахте хьажо. Кхел йирзинехь а, совцуш яц цунна кхачийначу таIзарна резабоцчу нехан протесташ. Европан Берто юха а дIакхайкхийна Титиев мукъаваккха догIу аьлла.
50 стаг а вуьйш, маьждигашна тIелатаро Iадийна Керла Зеланди меттайогIуш ю. Бухарчу маори къоман ламастехь долу хака-хелхар дира студенташа.
Оьрсийчоьно Украинерчу ГIирмина аннекси йина де даздира. Кремло иза яр а, Донбассера сепаратисташ тIекIабар а бахьанехь Малхбалено тоьхна санкцеш ловш ду Оьрсийчоьнан халкъ. Амма и де даздеш дара Оьрсийчуьра Iедал. Цуьнан декъахь яра кIирандийнахь Соьлж-ГIала а.
Мисарахь вайначу студентан Дугиев Хизиран нанас чIагIдо: ГIалгIайчоьнан омбудсмено Оздоев Джамбулата шен кIант карийна аьлла, ша куьйгъяздина цкъа официалан кехат даийтина, тIаьхьа иза харцдина бохуш. Вайначу пхеа студентех цхьаннан кхолламах хууш дац хIинца а.
БархI дожарх ялхалгIаниг ду Хотталург дожар.
Хенан йохалла мел дукха хир бу бусалбанаш Оьрсийчохь? Кеп-кепара ю экспертийн прогноз, делахь а цхьаъ ду билгалдолуш – алсамдер ду бусалба нехан терахь.
Хьажа кхин дIа а