Дикка хан яра Фортанга-хица лаьтта доза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело "тIечIагIдинчул" тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу гуламаша дийца даьккхаза. Амма шинарийдийнахь юха а гулбелла жигархой и проблема есто. Стенгахь долало-кхачало, протестхошна хетарехь, Нохчийчоьнца долу доза?
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
ГIело лан собар а кхачийча, шаьш-шайн гайш этIийна Мордоверчу набахтехь тутмакхаша. Царна иза дан бахьана дацара, аьлла Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло.
Ненан Де даздан а, иза Гиннесан рекордца билгалдаккха а йолчу Iалашонца арабевлира иттаннаш эзарнашкахь нах Iамманехь. Нанна хастамбеш урдунхоша яздинчу плакатан барам бу 18000 сов стикер. Бовха безам Нанна дIагайта аравелира жима а, воккха а.
Кадыровс куьйгалла дечу Нохчийн Республикан конституци тIеэцна 16 шо кхачар даздира Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь.
22 марта в Алматы и Астане десятки граждан задерживали и погружали в полицейские автобусы. По какой причине людей подвергали задержаниям, полицейские не сообщали.
Керлачу Зеландерчу Крайстчерч гIалахь тIелатар динчу шина маьждигах цхьанна чохь нисбеллачех ву Ризви Ашир. Вийна оцу терроран тохаршкахь 50 стаг, лазийна иттаннаш. Ризвис дуьйцу, ша муха висира дийна, шена стенна ца могура хIинццалц шен нанна ша оцу дийнахь рузбанехь хиллийла хаийта.
1969-гIа шо, Зазадоккху-бутт, Стокгольм. Ша тIехь «Шийлачу тIеман» къовсам бу дIабоьдуш. Советан Iедалан эскарш Чехословаки чугIоьртинчул тIаьхьа ворхI бутт баьлча, оцу пачхьалкхийн вовшахтоьхна командаш цхьанакхийтира хоккейн дуьненаюкъара чемпионатехь.
Нохчийчуьра вахархо лецира Украинерчу Харков областан Лозовски кIоштахь криминалан полицино. Мичахь ву а къастийна, лаьцна Оьрсийчохь 5 стаг верна бехке лоруш волу 32 шо долу Нохчийчохь вина стаг, хаам бира цу пачхьалкхан къоман полицино шен сайтана тIехь.
Хьажа кхин дIа а