Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Европарламентна маьIна доцуш хета Iай-аьхка сахьташ тIедеттар, тIерадахар. Цо бинчу сацамо цхьабосса "лоьлуьйтур" ю хан 2021-чу шеран бIаьста дуьйна.
Зазадоккху-беттан 26-чу дийнахь рогIера гулам хIоттийра ГIалгIайчоьнан оппозицино. Протестхой реза бац мехкан Iедало тIеэца кечдинчу референдумах долчу низаман проектна - Евкуровн администраци шен карадерзо гIерта мохк хийца а, кхечу регионах дIатоха а йолу бакъо, боху гуламхоша.
Дикка хан яра Фортанга-хица лаьтта доза Оьрсийчоьнан Конституцин кхело "тIечIагIдинчул" тIаьхьа ГIалгIайчуьрчу гуламаша дийца даьккхаза. Амма шинарийдийнахь юха а гулбелла жигархой и проблема есто. Стенгахь долало-кхачало, протестхошна хетарехь, Нохчийчоьнца долу доза?
ГIело лан собар а кхачийча, шаьш-шайн гайш этIийна Мордоверчу набахтехь тутмакхаша. Царна иза дан бахьана дацара, аьлла Оьрсийчоьнан набахтийн урхалло.
Ненан Де даздан а, иза Гиннесан рекордца билгалдаккха а йолчу Iалашонца арабевлира иттаннаш эзарнашкахь нах Iамманехь. Нанна хастамбеш урдунхоша яздинчу плакатан барам бу 18000 сов стикер. Бовха безам Нанна дIагайта аравелира жима а, воккха а.
Кадыровс куьйгалла дечу Нохчийн Республикан конституци тIеэцна 16 шо кхачар даздира Зазадоккху-беттан 23-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь.
22 марта в Алматы и Астане десятки граждан задерживали и погружали в полицейские автобусы. По какой причине людей подвергали задержаниям, полицейские не сообщали.
Хьажа кхин дIа а