Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Исмоилов Бегиджон Таджикистанера ахча даккха, аьлча а, балха вахана Оьрсийчу. Ша цо бахарехь, кхаьчна лолле: паспорт схьадаьккхина цуьнгара, мехаза вацийна кхаа баттахь, дийнахь буса 13 сахьтехь хьакхарчий лелайойтуш.
Бесланера лоьмар 1 йолу школа дIалаьцначу тIемалоша дIасакхехьийтинчу кехатийн копеш "Правда Беслана" сайт тIера дIаяхар тIедожийна "Роскомнадзоро" юха а. Сайт кхоьллинчу Литвинович Маринас хаамбина кхунах лаьцна.
Шен цIийнда «Хьизб-ут-ТахIрирера» ву аьлла, набахте хьажийча кхоьллина Салиева Муминас «ГIирмин Бералла» цIейолу юкъаралла. Баттахь цкъа цхьаьнакхета да я нана динца доьзна шайх къастийна деха бераш - педагогаша болх бо цаьрца.
2018-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина сацамаш кхочуш цабарехула лидер ю Оьрсийчоь. Цу пачхьалкхо кхочуш ца бина 1500 сов сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Кхеташонан министрийн комитетан дIахаийтарехь, яздо "Ведомости" газето.
Vienna City Marathon 2019 – ишта цIе яра Австрехь хIора бIаьста дIахьочу 36-чу марафонан. Кху мукъаденошкахь Вене хьалхабовларх къовсабала баьхкинера 125 пачхьалкхера нах. Дакъалацархойн терахь дара 42000.
Азербайджано а, Нохчийчоьно а барт бина Бакох нохчийн векалалла схьаелла. Иза хилла Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан депутат Делимханов Адам Азербайджанан президентца Алиев ИлхIамца цхьаьнакхеттачул тIаьхьа.
Протестхойн боламан хьалханчийн цIийнех хьовса баьхкинера полисхой. Жигархошкара а, церан гергарчу нахера а дIаяьхна телефонаш а, техника а. Талламаш бинчул тIаьхьа пхи стаг лаьцна витина.
Хьажа кхин дIа а