БархI дожарх ворхIалгIаниг ду Меттигниг дожар
Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Малхбалера тIемаш ДАIИШ эшорца боьрзучу муьрехь дуккха бу цуьнан могIаршкара уьду тIемалой. Царех ву Малхбалера шен даймахка а кхаьчна, дагалецамашка ваьлла Назаров Рустам Iабдул-Ахьад.
ГIалгIайчуьра протесташ Кадыров Рамзанна дуьхьал гIаттам бу аьлла, хьесап дина политолога Белковский Станиславс. Йоллу Къилбаседа Кавказна тIехь Кадыров доладан гIертар бахьана долуш иккхина конфликт ю иза, тешна ву эксперт. ГIалгIайчуьра протесташ шех хьакхалуш йоцуш санна, кеп хIоттийна Iа Москва.
Исмоилов Бегиджон Таджикистанера ахча даккха, аьлча а, балха вахана Оьрсийчу. Ша цо бахарехь, кхаьчна лолле: паспорт схьадаьккхина цуьнгара, мехаза вацийна кхаа баттахь, дийнахь буса 13 сахьтехь хьакхарчий лелайойтуш.
Бесланера лоьмар 1 йолу школа дIалаьцначу тIемалоша дIасакхехьийтинчу кехатийн копеш "Правда Беслана" сайт тIера дIаяхар тIедожийна "Роскомнадзоро" юха а. Сайт кхоьллинчу Литвинович Маринас хаамбина кхунах лаьцна.
Шен цIийнда «Хьизб-ут-ТахIрирера» ву аьлла, набахте хьажийча кхоьллина Салиева Муминас «ГIирмин Бералла» цIейолу юкъаралла. Баттахь цкъа цхьаьнакхета да я нана динца доьзна шайх къастийна деха бераш - педагогаша болх бо цаьрца.
2018-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина сацамаш кхочуш цабарехула лидер ю Оьрсийчоь. Цу пачхьалкхо кхочуш ца бина 1500 сов сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Кхеташонан министрийн комитетан дIахаийтарехь, яздо "Ведомости" газето.
Хьажа кхин дIа а