Маршо Радионо бовзуьйту таханлера боцца хаамаш
Пачхьалкхан думан депутат Макиев Зураб улло а ваьлла, дахначу кIиранах БуьритIе цIа далийра кхо бер: ваша а, цуьнан ши йиша а. Къилба ХIирийчуьра церан да а, нана а масийтта шо хьалха дIадаханера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашонца.
КIайчу цIийнан "Iамеркан Аз" хьостан куьйгалхо Херман Стив хилира Мэрлин штатерчу базехь дIахьочу Iаморашкахь. Цигахь автомобил лело Iамош бу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлахчу сервисийн массо а белхахой.
БархI дожарх ворхIалгIаниг ду Меттигниг дожар
Малхбалера тIемаш ДАIИШ эшорца боьрзучу муьрехь дуккха бу цуьнан могIаршкара уьду тIемалой. Царех ву Малхбалера шен даймахка а кхаьчна, дагалецамашка ваьлла Назаров Рустам Iабдул-Ахьад.
ГIалгIайчуьра протесташ Кадыров Рамзанна дуьхьал гIаттам бу аьлла, хьесап дина политолога Белковский Станиславс. Йоллу Къилбаседа Кавказна тIехь Кадыров доладан гIертар бахьана долуш иккхина конфликт ю иза, тешна ву эксперт. ГIалгIайчуьра протесташ шех хьакхалуш йоцуш санна, кеп хIоттийна Iа Москва.
Исмоилов Бегиджон Таджикистанера ахча даккха, аьлча а, балха вахана Оьрсийчу. Ша цо бахарехь, кхаьчна лолле: паспорт схьадаьккхина цуьнгара, мехаза вацийна кхаа баттахь, дийнахь буса 13 сахьтехь хьакхарчий лелайойтуш.
Бесланера лоьмар 1 йолу школа дIалаьцначу тIемалоша дIасакхехьийтинчу кехатийн копеш "Правда Беслана" сайт тIера дIаяхар тIедожийна "Роскомнадзоро" юха а. Сайт кхоьллинчу Литвинович Маринас хаамбина кхунах лаьцна.
Хьажа кхин дIа а