Оьшшучу дIа а йоьдуш, Нохчийчуьрчу заьIапхойн гIудалкхаш тойо Мохьмада а, ИбрахIима а, Донецкерчу тIамах ведда уьш болчу веъначу церан доттагIчо Валерас а кхоьллинчу пхьалгIано. Оьшу гIирс цара эцна цхьана сагIадечу компанин ахчанах. И ахча-м кхачийна тоххара, амма бац сецна церан болх.