ТIемалой хIаллакбарх нохчийн лаьмнашкахь кест-кеста ловзу Оьрсийчоьнан эскарш, пачхьалкхан Думин депутатна Саралиевна ца хаьа "Скандинави" пачхьалкх йоцийла?, Ажигова Iайшин аьтту куьг дIадаккха бохку лоьраш.
Нохчийчохь кегийрхойн тоба хIаллакъярх болу хаам дуьххьара баржийра "Керлачу Газето" 2017-чу шеран аьхка. Бакъоларъярхоша бахарехь, дIадаьллачу шина шера чохь Iедало ца бина бан беза талламаш. Муха лецна, цул тIаьхьа байина газето цIерш яьхнарш, дуьйцу кху материалехь
"Берзан бIаьрхи" дуьххьарлера книга ю, цуьнан авторо Шишани Маймуна дийцарехь, 20-гIа бIешо долалуш нохчий Османан импере дIакхалхарх лаьцна зорбане яьлла йолу.
Блогеро Абдурахманов Тумсос Настоящее Время (Карара Хан) телегойтийлин эфирехь дуьйцу Кадыровн Iедало, еш кхел а йоцуш, нах хIаллакбарх лаьцна Оьрсийчуьрчу "Новая Газето" ("Керла Газета") арахецначу керлачу артиклан хьокъехь шена хетарг.
Нохчийчохь, Дагестанехь бу уггаре кIезиг алапа оьцу хьехархой, гергарчунна герз тIехьарчорца даржехь лакхавала гIоьртина полисхо, Дагестанехь дестечо мерайоI йийна, боху талламо.
Кызыл-ту-хь (ГIиргIазойчоь) беха нохчийн ГабаевгIеран доьзал. ХIора кIиранах санна цхьаьнакхета уьш а, церан гергарнаш а: Далла Iамал ян, вовшашна ган, кегийчарна хьехамаш бан. Гулбеллачу царна тIенисвелира тахана Маршо Радион корреспондент.
Iайша, дейишас йиттина йоI, хьалхалеррачу хьолехь ю, некъахьовзамехь велла Шелан кIоштан полицин буьйранча, Къевлинчуьра схьаяьстина гIалгIайн "Фортанга" сайт.
ТIамехь лелош йолу газ, я юуург ен газ – ши верси ю Австрерчу Инсбрукехь, нохчийн ловзаргахь, дукккха а наханна ун далар толлучу хьукматийн. Хьал гиначарна а, дIовш кхеттачарна а хетарехь, цхьамма диверси йина нохчашна дуьхьал.
Москвахь яйна нохчо, Шемарчу йоIе сатуьйсу нана, ткъа Нохчийчохь туризм кхио гIерта.
"Кавказякашна" уггаре товш меттиг ю Абхази. Массерачул еха ю кавказяк-мозийн ю. Оцо аьтто ло накхарна зезагера, мел кIорга хиларх, дургал схьаэца. Воккхачу стага Романа – мазлагIчас – дийцарехь, массо а мозел "аьрха" ду "кавказякаш".
Деношкахь Нохчийчоьнан синбахаман министралло дихкина филармони кIел боцчу артисташна эшарш лекха. Амма хьакхалуш доцчух тера ду иза «паччахьан» а, цунна беза-бевзачийн а самукъадаккха кхойкхучу Бурсагов Ачхьабах а, и санна «говза» болучех а.
Нохчочунна тIехIоьттина Рада, бакъонашларъярхоша "Iехийна" йоI, Новосибирскан мэр хила турлун нохчо а.
Хьажа кхин дIа а