Гелисханов Бисолта, ша Ялсамане воьдуш санна, воьду Энгана. Амма деххачу шерашкахь наггахь бен хирг а дац иза. Цо марзо оьцу Нохчийчоьнах, дайн юьртах, ткъа юьртахоша цуьнгара – лоьралла. Доктор Гелисханов вовза вахара Маршо Радион корреспондент иза волчу.