Хучиев лаьцна, ипотека ца оьцу нохчаша, санцеш юха а.
"Геноцидан де" дагалоцуш гулбелира Мьянмера Бангладеше бевдда бахана эзарнаш рохинджаш кIирандийнахь. Бангладешерчу мухIажирийн Кокс-Базаре куьпахь беха рохинджаш хьалабевлира гонахарчу раьгIнашна тIе. "Тхуна цIа даха лаьа", - мохь беттара наха.
Трофи-спринт, аьлча а, вочу некъашца машенаш хахкаран къовсадаларш дIадаьхьина Нохчийчохь. Аьрга-Хишка, (Серноводск) турнирна кечбинчу некъа тIехь хьуьнар гайта баьхкинера шайн машенашца Къилбаседа Кавказан мехкашкара пилоташ.
Шелахь динчу "Бусалбанан дозалла" маьждигана чутарвала аьтто бу 30 эзар ламазе веана стаг. Цул сов, ламаз дан веана 70 эзар гергга стаг дIахIотталур ву гонахарчу майданашкахь. Шелара маьждиг дина кIайн шагатӀулг буьллуш, дашоца кечдеш.
Оьрсийн эскархо вийна Нохчийчохь, Краснодарехь герз диттинарш лецна, 5 нохчо дIахецна Къилба ХIирийчохь. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)
Республика секторшка екъна ша аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Шен уллорчу гонера нах хIиттийна цо куьйгалле.
Травматикан герзаш а детташ, тасадаларш хилла кху деношкахь Несарахь. БархIанна кеп-кепара чевнаш йина. Оцу инцидентехь яьккхина видео маса дIасаяржийра социалан машаншкахь."Антилирика06назрань" волонтерийн боламна бевзаш боцчу наха дина тIелатар ду бохуш, хаамбо меттигерчу бахархоша.
Дуьххьара хIара зорбане яьлла 2013-чу шарахь.
Оьрсийчохь пачхьалкхан байракхан де билгалдаьккхина. Ламаст хилла дIахIоьттина и де даздар Нохчийчохь а. Кеп-кепара цу дийнахь барамаш дIахьо хьукматашкахь, доьшийлашкахь, ур-атталла, берийн бошамашкахь а цхьана.
Краснодарехь хилларг къаьмнийн дов дац, Къилба ХIирийчохь 6 нохчо лаьцна, СоьлжагIалахочо "низамехь къу" вийна
ГIиргIазойчохь кавказхойн хелхар Iамадан хала дац. Иттанаш школаш ю оцу Iалашонца схьайиллина. ГIиргIазой а, оьрсий а, дунганаш а, уйгураш а бу хелхар Iамош. Бишкекерчу хелхаран школе кхечира Маршо Радион корреспондент.
Тюменехь бехк кховдина нохчашка, некъабохамехь зуда йийна, Нохчийчуьра машен ю лоьхуш
Хьажа кхин дIа а