Тахана, еарийдийнахь, ПIаьнгазахь дIавоьллина нохчийн тIемало Хангошвили Зеламха. Иза вийна дIадахначу пIераскана Берлинехь. Зулам динарг ву, Германин полицино бинчу хаамца, "Сибрехара Вадим С., Оьрсийчуьра вахархо". Гергачарна хетарехь, Оьрсийчоьнан ФСБ-но вейтина иза.