Германехь "нохчийн исламисташ" дIалуьйцуш бу, Тешан аьшпаш гучубаьхна адвакато, Нохчий ца хьовса Оьрсийчоьнан филмашка (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Шайн лаамехь тIаме хIиттинчу бIаьхойн «Киев-2» батальонан декъашхо Окуева Амина йийнарш лоьхучу Украинерчу полицино лаьцна зуламна бехке хила тарлуш волу стаг. Полицин векалша дийцарехь, цуьнан дегIан тIум (ДНК) юьззина йогIуш ю Окуева юьйш диттинчу герза тIерачу куьйгийн томмагIца.
Тамаше делахь а, Францехь латархой кхиош йолу клубаш кхоьллинарш а, цигахь толамаш боху атлеташ а доккхачу декъанна, нохчий бу. Маршо Радионо йовзуьйту Ницца гIалахь джиу-джитсу Iамош йолу «Легион» клуб а, цигара спортхой а.
Ингалсан а, францойн а меттанаш санна, арахьарчу меттанийн тIегIанехь хьеха болийра Шемарчу школашкахь оьрсийн мотт 2014-чу шарахь. Оцу хенера дуьйна схьа и мотт Iамо буьйлабелларш бу 24 эзар нах.
Окуева йийнарг Дагестанехь вина ву, Кадыровс Малхбузе бехке йина, Туристашна хьехам бина (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Мартан-хих долу тIай ду хIинца Iалхан-Юртахь – иза дацаро бахбора машенца юьрта боьду некъ. Массо а бахархоша лоруш йолу цIе тиллина цунна – «Магомадов Абубакаран тIай». Иза схьадоьллучу бараме веанера воккха а, жима а.
Украинан чоьхьарчу гIуллакхийн министра Аяков Арсена хаамбина шен урхалло «киллерийн тоба» лаьцна аьлла. Цара динчу зуламашлахь ду Донбассерчу тIамехь дакъалаьцна йолу Окуева Амина ер а.
Вайнарг карийна, лаьцнарг дIахецна, нохчий къинтIера баьхна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Терахьдош а, цуьнан кепаш а дика йовзаро, цунах пайдаэца хааро аьтто бо, масала, математика нохчийн маттахь листа а, терахьийн хьесап дан а.
Нохч-ГIалгIайчоь денъяр, зорбанаша дарвина Альфредо, тIекхетта мехаш (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Кху беттан 3-хь, Американ эскархоша ракеташ а тоьхна, ГIажарийчоьнан инарла Сулеймани Касем вер хьокъехь комментарий ца еш ца Iийра массо а чулацаме болчу а, боцчу хиламашна комментареш еш Iедал долу Кадыров Рамзан, яздо Кавказ.Реалиино.
Кеманчохь белларш, Сулейманин тезетахь хьешна нах, Нохчийчуьра кхерамаш, "Путинан кемпеташ" (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Хьажа кхин дIа а