Путинан векал хIотто мега Кадыров, Европан кхелан реза вац Путин, Къоьзан-Iоман бухахь эвла лохур ю (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Шинарин дийнахь теракт кечйеш хилла аьлла лаьцна 5 нохчо дIахийцира оццу сарахь. Талламхошна тоам боллуш тоьшаллаш ца карийра уьш талламан изоляторехь латто. Шайца хиллачух лаьцна дийицира Маршо Радионе царах цхьаъ волчу Байсагуров Зелимхана.
Кадыров цомгуш хилла, Мишустин вевзаш ву Кадыровна, 16 000 нохчо сацийна махкахь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Сталин Иосиф уггаре безачу нахах лору ХIирийчохь. Пачхьалкхехь коммунисташ безарца даима а къасташ хилла ю Къилбаседа ХIирийчоь, ткъа Сталин цигахь «вуьззина» шайниг ву, ца хилла иза гуьржи - хIири хилла, олу.
Ша-шен вен гIоьртина нохчо «Бутыркехь», Германехь нохчий дIахецна (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Нохчийчуьрчу зударшна лерина «Мехкарий» такси юкъаелира стохка бIаьста. Совдегаралла а, инновацеш а шоръян коьллина йолу Заед Шайхан фонд яра оцу проектана ахчанца бух биллинарг. Пхи машен яра юьхьанца таксопаркехь. Ткъа тахана яц йиъ бен – хала ду зеделларг долу зударий-машенлелорхой каро.
Германехь "нохчийн исламисташ" дIалуьйцуш бу, Тешан аьшпаш гучубаьхна адвакато, Нохчий ца хьовса Оьрсийчоьнан филмашка (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Шайн лаамехь тIаме хIиттинчу бIаьхойн «Киев-2» батальонан декъашхо Окуева Амина йийнарш лоьхучу Украинерчу полицино лаьцна зуламна бехке хила тарлуш волу стаг. Полицин векалша дийцарехь, цуьнан дегIан тIум (ДНК) юьззина йогIуш ю Окуева юьйш диттинчу герза тIерачу куьйгийн томмагIца.
Тамаше делахь а, Францехь латархой кхиош йолу клубаш кхоьллинарш а, цигахь толамаш боху атлеташ а доккхачу декъанна, нохчий бу. Маршо Радионо йовзуьйту Ницца гIалахь джиу-джитсу Iамош йолу «Легион» клуб а, цигара спортхой а.
Ингалсан а, францойн а меттанаш санна, арахьарчу меттанийн тIегIанехь хьеха болийра Шемарчу школашкахь оьрсийн мотт 2014-чу шарахь. Оцу хенера дуьйна схьа и мотт Iамо буьйлабелларш бу 24 эзар нах.
Окуева йийнарг Дагестанехь вина ву, Кадыровс Малхбузе бехке йина, Туристашна хьехам бина (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Мартан-хих долу тIай ду хIинца Iалхан-Юртахь – иза дацаро бахбора машенца юьрта боьду некъ. Массо а бахархоша лоруш йолу цIе тиллина цунна – «Магомадов Абубакаран тIай». Иза схьадоьллучу бараме веанера воккха а, жима а.
Хьажа кхин дIа а