Хуьлийла дац Кадыров харц, «Лорд» бакъ вац, дагестанхоша бахарехь, Оьрсийчоь - коррупци - Уганда (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
ХIинжа-ГIаларчу куьйгалхошца цхьаьнакхета гIерта бераш Иракъерчу набахтешкахь долу наной-дагестанхой. Шайн йоIарий а, кIентийн бераш а цIехьадерзор доьху цара. Иракъе, Шема зударий божарша Iехийна бигина, д уьйцу цара шайн леткъамашкахь.
Нохчийчуьрчу хьакамийн эвсаралла, Калугехь хан тоьхна нохчочунна, Кадырова Айманина – «Къудсан седа», Страсбург: 20 кавказхо вайарна - гIуда (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Цабевллачу денна ГIалгIайчу дIакхелхина нохчийн мухIажирш шайна догIу компенсацеш даха гIерта 25 шо хан ю.
Сепаргул шен бераш а эцна, дIаяхана юьртара – къордийнера цунна ца хеддаш марзахошца лаьтта девнаш. Шенбаха меттиг яцаре терра, кешнашка охьахиина доьзал: каш а даьккхина, тIелхигашца дIакъевлинчу цунах тоьла а йина.
Даудов: дозанца дерг чекхдаьлла, Кадыров дIа ца воьду, Хьехамчийн кхеташо, Кхело кхузза бакъвинарг (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Ша цкъа лайна бала кхечаьрга ца лайта гIерташ хьийза Иракъера Iабдул-ЗахIра Сабрин – Басрерчу берийн дарбан цIийнехь рак-цамгаро лаьцна Iохкучу кегийрхошца хан хьо цо.
Эмиратхошна нохчий бовзуьйтуш, Конституцин хийцамех, ГIизларахь – чоьнан ун, Нурмагомедов vs Макгрегори (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
1990 шеран Дечкен-беттан 20-чу дийнахь Советан пачхьалкхан танкаш яхара Бакох, Iедална дуьхьал гIаьттина протест хьаша. Меттигерчу бахархошлахь иккхинчу национализман хьуно а, Iедалан ницкъаша а дахар дIадаьккхира 133 стегера. Лазийра хIетахь 611 вахархо, доьза вайра 5.
«Дийна корматаллаш» цIе тиллина нохчийн къоман амал, Iер-дахар куьйга йинчу пхьегIашца, истангашца, тайнигашца гойтучу говзанчаша шайн барамна. Гайтам бу дIахьош Соьлж-ГIалин юккъерчу цхьана банкетийн залехь. Цигахь хилира Маршо Радион корреспондент.
Путинан векал хIотто мега Кадыров, Европан кхелан реза вац Путин, Къоьзан-Iоман бухахь эвла лохур ю (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Шинарин дийнахь теракт кечйеш хилла аьлла лаьцна 5 нохчо дIахийцира оццу сарахь. Талламхошна тоам боллуш тоьшаллаш ца карийра уьш талламан изоляторехь латто. Шайца хиллачух лаьцна дийицира Маршо Радионе царах цхьаъ волчу Байсагуров Зелимхана.
Хьажа кхин дIа а