13 шо долуш бер хилла, дай мостагIий лерина, махках бохучу шарахь Ломаз-юьртарчу Манкаев Халилан. Доьзалехь уггар а воккханиг хилла иза хIетахь. Ткъа тахана 89 шаре ваьллачу къаночунна Iаламат дика дагадогIу шаьш арадахар а, хийрачу махкахь шаьш текхна бала а, даймахка дерза бакъо луш, беана кхаъ а.