Висмурадовс криптовалютин ферма Iораяьккхина, Киеве Саакашвили ган вахана паьнказхо, Уггаре ду нах ле Нохчийчоьнан некъашца, Германехь лазийна 50 стаг (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Вайнах махкахбаьхначу дийнахь керла ламазан хIусам схьайиллина Ниццехь (Франци). Оццу меттехь берашна нохчийн а, гIалгIайн а меттанаш хьеха дагахь а бу цигара жигархой. Чиллан-беттан 23-чохь шина а къоман хьалханчаша къоначу чкъурана довзийтира депортаци еш а, иза ловш а вайнаха хьегнарг.
Чечанарчу Алиев Вахин Соьлжа-ГIалара урам, Сталинна неIалт ала нах гулбира Кадыровс, Висаитовн кIошт, Коронавирус къаръярхьама (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Нохчий а, гIалгIай а даймахкара бохийна де дагалоцуш барам хIоттийра Венехь Австрерчу Нохчийн Нанойн Юкъаралло. Пачхьалкхан шахьарара а гонахарчу гIаланашкара а баьхкина нохчий, гIалгIай боцуш, Венерчу цхьацца хьукматийн куьйгалхой а, Европерчу мехкашкара кхайкхина хьеший а бара цигахь.
Нах, буц а юууш, цунах бестий, лечу заманахь, ЗаркиевгIарна, церан цIахь бисина етт а боьхкина, ахча даийтира гергарчу наха – суьйлаша. Уггаре халачу хенах баьккхира доьзал оцу ахчано. 10 шо бен дацара Заркиев Ахьмадан иза Казахстанехь балха воьдуш.
Кадыровс вице-премьер хIоттийна Висмурадов, Шемахь оьрсийн эскархой совцийна Американ эскархоша. (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
"Не плачь, вражеская морда" бохуш, оьрсийн салтичо цхьамза а Iуьттуш, когаш берзина, воьлхуш шен дех хьерчаш махках ваьккхира цу хенахь 10 шо долу Гезуев Хьусайн. И дерриг тахана хилча санна дагаоьху цунна.
13 шо дара Чапханова Кейпин Сталина къам дохочу шарахь. Цунна цкъа а дицлур дац шаьш некъахь лайнарг а, хийрачу махкара дахар а, даймахка юхадерза бакъо луш, кхаьчна кхаъ а.
Нохчо бехказваьккхина Германерчу кхело, Хамидов Ахьмад лаьцна Дубаехь (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Хууш ма-хиллара, нохчийн къам Сталинан омраца махках даьккхина, Сибрех хьажийна 1944-чу шеран Чиллан-беттан 23-чу дийнахь. Иштта цу дийнахь Оьрсийчоьно даздо Турслочун де. Нохчийчуьрчу бахархошка хаьттира Маршо Радион корреспонденто, церан кхетамехь, хIун де ду "23-гIа февраль".
Дагестанера 3 стаг вайна Нохчийчохь, Шена еттар таллар доьху Милашинас, ХьаьжцIа боьду некъ базбелла, Мехашна реза бац нохчий (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Дечкен-баттахь дуьйна Шанхайхь ехаш ю Ставрополера Паречная Любовь, кхузахь мел а кхерамзалла лаьтта. Масканаш лелае, сих-сиха куьйгаш а дила, шайн ма- хуьллу чохь а Iе бохуш, кхайкхамаш бо Iедалхоша. ГIалахь боьхна хьийзаш бац нах.
Хьажа кхин дIа а