Нохчашлахь яьржа вирус, совцийна кеманаш, набахте хьажийна нохчо (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Маршо Радионо хаийтина ма-хиллара, Францерчу Монтерей-Фот-Йон гIалахь догучу цIенна тIенисвеллачу шина нохчийн мухIажиро - 33 шо долчу Домбаев Джамбулата а, 40 шо долчу Улубаев Маьхьдис а – валарх къелхьарваьккхина воккха стаг.
Коронавирусца тийсало Кавказ, Москвахь яьржа эпидеми, гуттар а "бакъволу" Кадыров (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а)
Набахтеш чохь бохку нах мукъабаха болийна Туркойчоьно COVID-19 яржарца доьзна
Газетехула шен махкахошка орца дехнера балхах йоьхначу Серова Юлияс. Кхачан сурсаташ а, кхинйолу юург-мерг а еара цунна. Цхьаберш берашна догIучу ахчанца лол бетташ схьабогIу, цхьаволчунна хасбешахь йийачух гIо хуьлу, бу ишта 90-чу шерашкахь дуьйна, дас-нанас гIо латтораш а.
Кавказехь ун даьржина, Кадыровца дов латтадо, мехкан дега орца дехар мерахдаьккхина (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Соловей Валерийн дуьххьара онлайн-лекци https://myofficeonline.ru
"Кавказ.Реалиин" корреспонденто хаьттира Нохчийчуьрчу бахархошка, муха лов цара ша дIакъастаран раж а, пандеми яьржаш а йолуш Iедалша кхерамаша тийсар а.
Австри дено-дено мукъайолуш ю коронавирусан карантинах: шинарахь шайн белхаш болийна гIирс бухкучу туьканаша, духкуш ду дIадоь синтарш, зезагаш. ТIебогIучу баттахь схьайоьллур ю, аьлла Iедало, ресторанаш а, салонаш а.
Кавказехь даьржа ун, Нохчийчохь ца бо там-мах, журналисташа дарвина Ка-дыров (Керланаш кечдеш иллюстрацина пайдаоьцу Маршо Радион архивех а, официалан сайташкарчу материалех а).
Мадридна гена доццуш, Гриньон муниципалитетерчу бусалба бIаьхойн кешнашкахь дIабухку кху муьрехь уьнах белла бусалбанаш. Велларг дIаволла ваха ца мега массех стагна бен. Тезета а ца боьлху дукха – доьзалш, массех накъост а, молла а.
ТIаьххьарчу дийнахь а, буса а 1355 вахархочуьнца COVID-19 ун гучудаьлла Москвахь. Верриг а 11, 5 эзар вара уьш цул хьалха. ПIераскандийнахь дуьйна саццаза нах бу дарбан хIусамашка кхуьйлуш, коронавирусо меттахъяьккхинчу пневмоница.
Хьажа кхин дIа а