429 нохчочунна ундаьлла, Тумгоев Европан кхеле ваьлла, Москвахь нохчо вийна, полисхошна лела Iамош ду
Дагчохь лазам а болуш, шайн даьссачу маьждигашкахь доIанаш до Рамадан-баттахь Урдунерчу имамаша.
Алхасов Даниял юкъарчу практикан лор ву. Дукха хан йоццуш Москварчу дарбан цIийнера балхара дIа а ваьлла, Хасуюьртарчу лазартне волонтерал лело вахара иза. Дагестанехь пневмониех леш болчеран терахь алсамдаларах лаьцна дийцира цо, "Карара Хан" телехьожийлан корреспонденте.
Нохчийчохь эшна йогIу вирус, карантин йохийначарна гIуданаш диттина, школаш кийча яц
Беттан юьххьехь коронавирусан ун даьлла дарбан цIийне охьавиллина хилла нохчийн политик Закаев Ахьмад Лондонерчу клиникера аравалийтина, яздо "Кавказ.Реалиино. Лоьраша изоляцехь Iар тIедожийна Ахьмад, шен цIахь ву карарчу хенахь.
Мархийн баттахь бIеннаш эзарнаш бусалбанаш богIуш хиллехь а, тахана масех стаг бен вац гуш дуьненахь уггар а доккхачу Маккарчу маьждигехь. Коронавирусан пандеми хилар бахьана долуш СаIудийн Iаьбийчоьнан Iедалша юкъадаьхна цкъа а ца хилла дехкарш.
Марханаш ца лаьцна Дагестанехь, COVID-19: кавказхойн де-буьйса, Шагдина гIалгIайн жигархошна кхайкхийна таIзар
ХIун хуьлуш ду Дагестанехь карантинца а, коронавирус кхетта нах цомгаш хиларца а дуьйцу республикерчу "Монитор пациента" юкъараллин куьйгалхочо Увайсов Зияутдина “Карара Хан” телехьожийлехь.
Къилбаседа Кавказехь кхин а 4 велла, Дагестанехь цхьа маьждиг ду уьнах велларг верзош, БуьритIехь кхин а меттигаш къастийна пациенташна, Германи вакцина толлуш ю.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, ша кIунзал а волуш, «ЦIена корта. Юхаяла коронавирус!» болам болийна шен гонашкахь, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цуьнгара масал а оьцуш, кортош бошуш бу махкара хьаькамаш, Iедалхой.
252 керла уьнхо ву Къилбаседа Кавказехь, БуьритIерачу гуламхошна – таIзар, велла Дубровкехь лаьцна хилла Талхигов Зоврбек
2,5 миллион адам ду карарчу хенахь дуьненахь коронавирус хьакхаелла. ХIопкинс Джонсан цIарачу университетан хаамца, и ун кхетар бахьана долуш велла 170 эзар стаг, 654 эзар гергга - товелла.
Хьажа кхин дIа а