Кавказехь виъ стаг велла дийнахь-буса, керла дархой бу 487. Ун шен ирхене кхача тарло Нохчийчохь хIара кIира доьрзуш. Нохчийн зударий ца сецало махкарчу полицига – царех жоп церан цIерачу божаршка доьхур ду
Изоляцин раж ца ларъен нах лоьцуш, яьхна видеороликаш ю нохчийн инстаграм-аккаунташкахь яржийна. Iаьржа, я камуфляжан барзакъ а, Iаьржа масканаш а йоьхкинчу полисхоша сецабо дIасалела нах, хьовсу кехатан бакъоне, хеттарш до, мича бахьанашца арабевлла уьш.
Туристашна юкъахь гIараевлла йолчу гIаланашкара бахархой кхо бутт а бу, хьешашкара хуьлуш пайда а боцуш, беха.
Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса 4 стаг велла, 614-ннах ун хьакхаделла. Уггаре дукха бераш Нохчийчохь дина кхушеран хьалхарчу беттанашкахь. Ялийна зуда кхобу мохк а бу Нохчийчоь. Нурмагомедов Хьабибан да-тренер цомгуш хилла, кхачийна Москварчу лоьрашна тIе.
Карантинан хьелашкахь къаношна а, цомгашчарна а гIо деш, Венехь бехачу нохчийн кегийрхоша акцеш дIахьо. 16 шарера 25 шаре бевллачу кегийчу наха, эца а оьцуш, хIусамашка дIакхачадо кхачанан сурсаташ а, цомгашчу нахана оьшу молханаш а.
Официалан болчу хаамашца, цхьана процентал а лахара ду Оьрсийчохь коронавирусах адамаш далар. Делахь а, белларш дIабухкучу бюрон болх баккъал алсамбаьлла. Яккхийчу гIаланашкахь юкъадаьхначу низамашца, дихкина ду докъах куьйгаш Iитта.
ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла пхи стаг, ун хьакхаделла кхин а 530 вахархочух; Марханаш даста нах маьрша хир бу, нагахь санна… Даудов Мохьмада хоуьйту оцу хьоланна хIун оьшу; Коронавирус кхетта Дагестанан муфтина а, цуьнан доьзална а
Шина дийнахь моггӀара Оьрсийчохь COVID-19 ун кхеттачу нехан терахь ду 10,5 эзар. 145 эзар стаг ву верриг а махкахь коронавирус кхетта. Цомгаш хилларш дукха хиларца хьалха яьлла ю Москва а, цунна гонахара кIошташ а. Оьрсийчуьрчу кхечу регионашкара хьал довзуьйту "Карара Хан" телеканалан материал
СOVID-19 Кавказехь, Нохчийчоьнан сагIа, Хасу-Юрт къевлина
Рамадан синталламан бутт хилла ца Iаш, хIора доьзало марзонца йоккху беркатан зама ю бусалба нахана. Оцу баттахь дийнахь юучух цакхеташ лардо цара шайн парз, малх чубуьзча доьзалца а, беза-бевзаршца стоьлан гонах ховша. Кхушара пандеми бахьанехь я хьеший а бац, я стоьлаш яц а хIиттийна.
Коронавирусан хьал, Кадыров хастор, нохчийн Iедалхой чIагIбалар
Нохчийчуьра схьаваьлла Гакаев Мохьмад-Хьусейн карарчу хенахь Европехь политикан тховкIело йоьхуш ву. Iамеркера лор лацарх а, иза маьршаваккхарх а, тIеман хьелашкахь кеп-кепарчу политикийн ницкъаш вовшашца бозарх а дуьххьара дуьйцу Гакаевс "Кавказ.Реалии" порталан корреспонденте.
Хьажа кхин дIа а